Нохчийн мотт Ӏалашбаран а, кхиоран а декъера Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедахкарш кхочуш а деш, нохчийн меттан абат Брайлан системи тIеяккхаран болх бу дӀаболийна.
Оцу декъехь хӀинцале бина а, бан лерина а болх бийцаре бина Дешаран а, Ӏилманан а министерствехь дӀаяьхьначу кхеташонехь.
Цигахь билгалдаьккхина Брайлан системица йогӀуш йолу нохчийн абат кхачамбацарш доцуш а, бахархой атта кхетар болуш а хила езар.
И болх бан вовшахтоьхна леррина комисси ю.
№51, мангалан (июль) беттан 7-гIа де