200 стагана лерина керла Культурин цӀа ду Курчалойн кӀоштарчу Цоци-Эвлахь деш. ГӀишлошъярхоша жигара дӀахьош бу цигахь белхаш. ТӀедогӀучу шарахь схьаделла лерина иза.
Цул сов, керла а, йоккха а спорткомплекс а ю оццу юьртахь еш.
КӀоштан администрацис билгалдоккху ший а объект ярташ кхиоран Ӏалашонца Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствос кхочушъечу программин гурашкахь еш хилар.
№51, мангалан (июль) беттан 7-гIа де