Буьртиган ялташ чудерзор лаккхарчу жигараллица дIахьош ду

Нохчийн Республикин аренашкара буьртиган ялташ чудерзор лаккхарчу жигараллица а, эвсараллица а дIахьош ду. Говзанчаша дийцарехь, 181 эзар гектара тIера ялташ ду чудерзо дезаш.

«ХIокху шеран асаран (июнь) беттан 29-чу дийнахьлерчу хаамашца чудерзийна 32,5 эзар гектар майданашкара ялташ. Цул хьалхарчу шеран оццу дийнахь чудерзийначул 10,4 эзар гектар алсам хуьлу иза. Чуэцначу ялтин барам 94,2 эзар тонна бу, я стохка оццу дийнахь хиллачул – 31 эзар тонна алсам», – элира Нохчийн Республикин юьртан бахаман министран заместитела Алисултанов Руслана.

Цо дийцарехь, хIокху шеран юьххьехь дIадаьхьира ширъеллачу техникин метта керла техника эцар. Цо таро ло гуьйренан ялташ чудерзоран боларш лаккхара хилийта, уьш билгалйинчу хенал хьалха чудерзо.

Цул сов, ялташ чудерзоран дикалла а хуьлу лаккхара, ткъа дараш кIезиг хуьлу.

Министерствехь хаам беш ма-хиллара, ялташ чудерзорехь дакъалоцуш болчу аренашлелорхошна, цу юкъахь комбайнерашна а, трактористашна а, киралелочу машенийн водительшна а юьззина кхачоеш ю ягорган-хьакхаран материалашца, тIаьхьалонан меженашца.

Берриге а ницкъаш тIебахийтина буьртиган ялташ чудерзор йоццачу хенахь чекхдаккхарна.

Оцу гIуллакхна тIехь каде урхалла дайта вовшахтоьхна штаб ю. Цо сема терго латтайо аренашкахь дIахьош болчу мехалчу белхашна тIехь.

Говзанчашна хетарехь, хIокху шарахь стохкачул алсам ялта чудерзо аьтто хир бу аренашлелорхойн.

ХIинцале дIадолийна хьаьтта схьадеана ялта цIандар а, дакъор а, Iалашдан складашка охьадиллар а.

Хьаьтташкарчу белхахоша коьрта тидам тIебохуьйту ялтин дикалла лаккхара хилийтарна. Декхна деанчу хIора дийнах, сахьтах эвсараллица пайда а оьцуш къахьоьгуш бу уьш.

Ялташ чудерзор иштта кхиаме ца хила тарлора, нагахь санна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана гIо-накъосталла а деш, республикин Юьртан бахаман министерствос 168 керла техника эцна ца хиллехь, цу юкъахь комбайнаш а.

Д.ПАШАЕВ
№51, мангалан (июль) беттан 7-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: