Ахча хьанна догIу, мел догIу?

Россин Федерацин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенин куьйгалхочун заместитела Мамаева Ларисас республикин шуьйрачу хаамийн журналисташца пресс-конференци дIаяьхьира.

Мангалан беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна Пенсионни фондо дIадолош ахчадаларан (выплаташ) гIуллакх ду.

И ахча хьанна догIу а, кехаташ муха кечдан деза а, иштта, дуккха а кхидерг а дийцира Л.Мамаевас.

Бюджетни учрежденехь балхахь йоцчу доьзалхочух йолчу зудчунна а, тIехь да я нана доцуш кхиош долчу берана а луш ахча ду иза.

– Балхахь йоцчу зудчунна, цуьнан доьзална баттахь догIу ахча ша ехачу регионехь хеневаларан юккъерчу барамал кIеззиг делахь бен ца догIу и ахча. Нагахь санна цунна и ахча догIуш делахь, бер дуьненчу даллалц хIора а баттахь лур ду. Оцу ахчан барам а и ехачу регионехь хеневаларан юккъерчу барамехь долчу ахчанан 50 процент бу. Нохчийн Республикехь иза 5 786 сом хир ду, – бохура Мамаева Ларисас.

Пенсионни фондан Нохчийчоьнан отделенин даима а зIе ю республикин могашаллаIалашъяран министерствоца. Цундела, царна хаьа муьлхачу хенахь маса бер дуьнен чу даьлла.

Иштта, оцу программица нийса а догIуш, доьзалхочух йолчу зудчунна луш долу ахча («автоматически») сацор ду, бер дуьнен чу даьллачу дийнахь дуьйна.

Доьзалхочух йолчу зудчунна луш долчу ахчанна «Госуслуги» чохь заявлени яздан деза. Заявлени чу делла 10 де далале жоп догIу и ахча догIуш ду я дац олий. Иштта, пресс-конференцехь кхачам боллуш дийцира шолгIачу «выплатех» лаьцна а.

– ТIехь да я нана доцчу доьзалшна догIу ахча даларан а шен лехамаш бу кхочуш бан безаш. Нагахь санна, да-нана дIасакъаьстина, шиннах цхьамма и доьзалхо кхиош велахь, цо шолгIаниг суьде веллехь, шена бер кхиош ахчанца гIодаран «алименташ» доьху. Амма цо и алименташ луш делахь а, дацахь а, хIокху выплаташна заявлени лучу хенахь, цо уьш луш санна дIалорур ду. Иштта, дех я ненах цхьаъ дIакхелхина, буобераш делахь а, царна догIуш пенси делахь а йиш ю заявлени дала. Цул сов, да-нана дийна делахь а, дацахь а, амма бераш кхобуш «опекун» велахь, иза ша дуьхьал хила веза заявлени луш. Кхузахь а ду, лакхахь санна, заявлени луш верг вехачу регионехь хеневаларан юккъерчу барамел сов хила ца дезаш доьзалан тIедогIу ахча, – билгалдаьккхира Л.Мамаевас.

Да я нана доцуш долчу берана 5 647 сом догIур ду, 8 шарера 16 шо кхаччалц, хIора баттахь. Кхузахь а «Госуслуги» чохь заявлени яздан деза.

Иштта, шен къамелехь говзанчас билгалдаьккхира, Россин муьлхха а банк хилча а бен дац, ахча тIедоккху карта МИР цIе йолуш хилчахьана.

Цул сов, махкал арахьа бехаш болу Россин гражданаш шаьш дуьхьал хила беза заявлени луш, иштта, банкаш а Россин хила еза.

ВЕГИЕВА Макка
№51, мангалан (июль) беттан 7-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: