«Кхерамаза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь СоьлжаГӀалахь тодечу некъашка кхин а 15 некъ а тӀекхетта.
И некъаш школашна а, берийн бошмашна а тӀедоьлхуш ду.
Билггал аьлча, лехамашца доггӀучу кепара тодийр ду хӀара некъаш: Г.Митаевн, Д.Бедновн, Донецки, Космодемьянски, Кронштадски, Леоновн, Ш.Хаджиевн, Новаторов, Пугачевн, А.Айдамировн, Мичуринан, Рассветни, Кутузовн, и.дI.кх.а.
Оцу некъашкахь, силаман чкъор хийцина ца Ӏаш, некъан билгалонаш а, светофораш а хӀиттор ю, иштта, гӀашлойн некъаш а дохкур ду.
№51, мангалан (июль) беттан 7-гIа де