Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Веданан кIоштан культурин паркехь рогIера цхьаьнакхетар дIадаьхьира республикин XIII-чу фестиваль-конкурсан «Синмехаллаш» телепроектан командаша.

Конкурсан хьалхарчу декъехь вовшашца къовсалуш яра Шаройн кIоштан культурин отдел а, Шелан кIоштан культурин урхалла а.
Культурин а, гIиллакхийн а, Iадатийн а декъехь номерш кечйинера шина а командо.
Жюрин декъашхо вара РФ-н хьакъволу артист, НР-н халкъан артист Джамаев Iимран, НР-н хьакъволу журналист, поэт, литературин критик, гочдархо, публицист Бурчаев Хьалим, поэт, публицист, гочдархо Цуруев Шарип, НР-н халкъан артист, «Вайнах» ансамблан ветеран, балейтместер Мажидов Iаднан, НГIАССР-н хьакъйолу артистка, поэтесса Амаева Маша.
Жюрис леррина тидам тIебахийтира шина а командо сцени тIехь нохчийн мотт цIена бийцарна а, нохчийн оьздангалла гайтарна а, Iадаташ довзийтарна а, иштта, церан вокалан корматаллин а мах хадийра.
Республикин хIора а кIоштахь дIахьош ду рогIера цхьаьнакхетарш… Хьовсархойн гуо шорбаран Iалашонца дIахьош ду и гIуллакх.
Хууш ма-хиллара, «Синмехаллаш» проектан коьрта Iалашо ю нохчийн Iадаташ, гIиллакхаш, ламасташ кегийрхошна довзийтар а, царна уьш марздар а.
Аьхкенан къегинчу дийнахь, кIоштан коьртачу паркехь дуккха а хьовсархой вовшахкхеттера. Цара хIора а шарахь сатосу шаьш долчохь рогIера конкурс дIаяхьаре. Иштта, хIинца а бара баккхийнаш а, кегийрхой а шайн сатийсамаш кхочуш хиларна баккхийбеш, леррина хьовсуш.
Дахарехь хиллачух а, леллачух а сценкаш кечйинера командаша. Иштта сурт гойтучу хенахь, хьосархошна юкъахь къаьсттина чIогIа тийналла хIуттура. ДегIе зуз оьхуьйтуш, хийлачун бIаьргах хи доккхуш, генна дIа шайн дахарехь цкъа хиллачу суьрте юхадалош, цхьа шатайпа сненкаш яра командаша гойтуш ерш.
Цуьнца цхьаьна, нохчийн халкъан забар гойтура цара.
Хьовсархой, кIаж оьхуьйтуш, беламе меттигаш а гойтура. Амма, самукъане сценкаш гойтуш а лардан дезаш гIиллакхан дозанаш дара.
Жюрис бинчу сацамца Шелан кIоштан (103 балл) командо толам баьккхира. ХIинца оцу командо финале кхача къовсам дIахьор бу ахфиналехь.
ИСЛАМОВА Имани
№51, мангалан (июль) беттан 7-гIа де