Селхана дӀаяьхьна «Единая Россия» партин халкъан программа — бераш долчу доьзалшна» аьлла йолу стратегин сесси.

Цигахь дакъалаьцначу Берийн омбудсмена Кузнецова Аннас билгалдаьккхина бераш долчу доьзалшкахь беркат хилийтар — коьртачу Ӏалашонех цхьаъ хилар.
Цо дийцира ишттачу доьзалшна муха гӀо-накъосталла дан мегар дара.
Блогера Золотухина Елизаветас дийцира берийн 1,5 тӀера 3 шо кхаччалц йолчу юкъанна ахча догӀучеран могӀа тӀебузарх лаьцна.
Ярославан областан думин депутата Ушакова Ларисас маткапиталах пайдаэцар тӀедузар дийхира.
#ОНФ-н декъашхочо Майданов Дениса божарийн могашалла Ӏалашъярца доьзнарг а хилийта элира партин халкъан программехь.
«Дай-нанойн союзан» президентана Кирюшина Оксанина хетарехь, бераш долчу доьзалшна гӀоьнна лерина дукхахьаштийн туьшаш кхолла йогӀу Россехь.
Пачхьалкхан думин депутата Макиев Зураба дийхира программехь НДФЛ дӀаяккхар (4 я сов бер долчу доьзалшна) а хилийтар.
Иштта, «Махкара бераш» а, «Нанойн кхеташо» а юкъараллийн куьйгалхоша Сарбалаев Альберта а, Буцкая Татьянас а довзийтира халкъан программин хьокъехь шайна хетарш.