Гацаев СаьIидан шина стихотворенех лаьцна
(«БIаьсте кхечи…», «ХIай йоI, делхьа, собарде…»)
Гацаев СаьIидан поэзехь къаьсттина мехала ю Iаламан лирика. Даймехкан Iаламан суьрташ поэтан кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцуш ду. Шатайпа аьхналла, исбаьхьалла ю цуьнан Iаламах лаьцначу стихашкахь. Адаман йовхой, Iаламан хазаллий цхьаьнаийна поэтан лирикехь. Гацаев СаьIидан Iаламах лаьцна йолчу стихотворенешкахь ши хIоттам хуьлу: Iаламан сурт а, адаман ойла а. Iаламан суьрташ сирла, аьхна ду. Даим бохург санна, адаман ойла Iаламан суьрташца цхьаьна йогIуш хуьлу. Нагахь санна стихотворени дIайолалуш и ши хIоттам вовшашца ца богIуш гайтинехь а, тIаьхьа адаман ойла исбаьхьачу Iаламо серлайоккху, екхна хуьлуьйту, самукъане ялайо. Гацаев СаьIидан лирикехь беркате ду даймехкан Iалам, цо адамийн цатемаш байбо, дог паргIатдоккху, самукъане хуьлуьйту. Адамо зовкх хьоьгу Iаламехь, цунна синкхача хуьлий дIахIутту даймехкан Iалам. Адамна синмарзо луш, синхьегамаш серла бохуш, дагна паргIато луш лору поэта Iалам. Катарсисан (адам шен ойланца цIандаларан) хьоста лору Гацаев СаьIида Iаламан аьхналла, Iаламан исбаьхьалла. Аристотела шен «Поэтикехь» трагедин, музыкин жанрашкахь лерина катарсис (адам шен ойланехь цIандеш тIеIаткъам бар). ХIинцалерчу эстетикехь а, литературин критикехь а трагеди хилла ца Iаш, лирика, поэма, дийцар, роман иштта дIа кхечу жанрашкахь йолу мелла а трагедин хьу шайгахь хаало произведенеш толлуш а лелош бу и кхетам. Гацаев СаьIидан лирикехь къасттина хаало даймехкан Iаламан исбаьхьалла адаман ойланна беркате хилар.
Цхьаболчу баккхийчу поэташа шайна езаш, беркате лоруш, хоржий шеран цхьа хан я хенан хIоттам хуьлу. А. Пушкин гуьйренах воккхавеш хилла, Ф. Тютчевна бIаьстенан юьххьехь стигал къекъар хазахеташ хилла, А. Фета шен стихийн йиъ книга арахецна ши-кхо шо юкъадулуш, царах хIоранна а цIе «Суьйренан серлонаш» («Вечерние огни») тиллина цо. Гацаев СаьIидана бIаьсте езаелла, «сийна бIаьсте». БIаьстенах лаьцна дукха стихаш ю цуьнан. Со тIекхиънарш 54 стихотворени ю бIаьстенах лаьцна я шайн чулацамехь бIаьсте хьахийна. Поэтан лирикехь бIаьсте – Iалам карладалар, адаман ойла серлаялар, дахар беркате хирг хилар гойтуш йолу символ ю.
Гацаев СаьIидан дуьххьарлера книга араяьлла 1969 шарахь. «Iуьйре» цIе йолчу оцу стихийн гулар тIехь хьалхара стихотворени ю «БIаьсте кхечи…»:
БIаьсте кхечи, ‒ хезий хьуна? ‒
БIаьсте кхечи сийна схьа,
Зевне йоьлуш, ‒ хезий хьуна? ‒
Зазах яьржаш кхаьчна схьа.
Зезаг доьлу сенчу бай тIехь,
Лестош хьоьга ховха куьг,
Хезий хьуна, сенчу бай тIехь,
Хьайга лестош ховха куьг?
Кхуро тоьлла эшарш лоькхуш,
Самукъадаьлла техка балл,
Хезий хьуна, ‒ эшарш лоькхуш,
Самукъадаьлла техка балл?
Лаккхара поэзи ю иза. Юх-юха а еша дог догIу и стихотворени. Моссазза йийши а даг чохь хазахетар кхоллало, дог делало, самукъадаларца шатайпана айам хаало. ХIун бахьана ду техьа и стихотворени (и санна йолу кхин лирически произведенеш а) сел чIогIа дагах хьакхалуш, сел аьхна синхьегам кхуллуш хиларан? Жоп дала хала ду оцу хаттарна, кхачам боллуш жоп цунна дан а дуй хьовха? Бакъйолу поэзи дIайийцалуш яц, иза еша а йоьшуш, цунах марзо а оьцуш, кхета везаш ву. Делахь а лирически стихаш а къастош, церан башхаллаш билгалйохуш-м хуьлу.
«БIаьсте кхечи…» стихотворенехь гайтинарг Iалам бIаьстенца самадаларан, юхакхолладаларан сурт ду. Цуьнан лирически турпалхо воккхаве бIаьстенах, «бIаьсте кхечи» бохуш, кхаьънаш доху цо, бIаьстенан исбаьхьаллех, ша санна, кхечара а марзо оьцийла лаьа цунна.
Поэта кхоьллинчу исбаьхьаллин суьртехь Iалам серлонца лепаш ду, кхоьлина дац, тем хилла, сецна лаьтташ дац, бIаьстенан боларехь ду: кхуьуш, цIинлуш, заздоккхуш. БIаьсте дерриге а Iаламе кхаьчна: «зезаг доьлу сенчу байтIехь», кхор «тоьлла эшарш» лоькхуш бу, цунах «самукъадаьлла техка балл», хIаваъ ду «сийна бIаьргаш санна», тхиш догу «дети санна», «бешахь хьоькху мерза хIо», бIаьсте «зевне йоьлуш ю». Зезаг, кхор, баьллаш, сийна бай, сийна хIаваъ, детин тхиш, мерза хIо – уьш стихотворенин персонажаш ю. Поэта царна адамийн амалш елла: уьш дела а ло, цара хьоьга куьг а ластадо, эшарш а лоькху, церан вовшашца самукъа а долу. Амма Iаламан хиламашца дац и хIуманаш, уьш Гацаев СаьIидан ойланехь, синхаамашкахь Iаламца йолу юкъаметтигаш ю, цуьнан Iаламе болу лирически хьежамаш бу, цунна Iаламан исбаьхьалла гаран башхаллаш ю. Поэтан синхаамийн йовхо ю бIаьстенан Iаламехь «яьржинарг». Иштта адаман йовхой, Iаламан хазаллий цхьаьнаийна долу исбаьхьаллин васташ кхоллар Гацаев СаьIидан лирикин коьрта башхалла ю, поэтан исбаьхьаллин хатI а ду. Нохчийн литературехь дуьххьара оцу тайпана Iаламан васташ кхоьллинарг, адам, Iалам сел исбаьхьа цхьаьнадалийнарг Гацаев СаьIид ву. Нохчийн поэзехь дахар гайтаран таронаш шорйина поэта, адаман, Iаламан уьйраш керлачу исбаьхьаллин кепехь гайтина.
«БIаьсте кхечи…» стихотворенехь Iалам а, адам а вовшашна беркате ду. Стихотворени шайца чекхйолу тIаьххьара йиъ стих ю лирически турпалхочун синхIоттам гойтуш, цуьнан Iаламца йолу юкъаметтиг гучуйолуш. Оксюморон «мерза лазам» маьIне ю кхузахь. БIаьстенан Iаламо лирически турпалхочун кийрахь синамарзо меттахъяьккхина, синъайам кхоьллина. БIаьстенца денлуш, заздоккхуш долу Iалам санна, адаман кийрахь а кхуьу дагна марзо луш болу аьхна синхьегам, кхоллараллин хьуьнарш меттахдовлу.
Гадаев Мохьмад-Салахьа яздина: «ХIума, и хIуъа делахь а, гар, хаадалар, дагна Iеткъар (оьрсашха аьлча: наблюдательность, проницательность, чувствительность) – и бу поэтан цхьа агIо – аьрру агIо. Ткъа, поэтан (яздархочун) аьтту агIо бу – и гинарг, хааделларг, дагна Iаьткъинарг дешнашца нийса, ма-дарра схьаала (дIаяздан) хаар. И ши агIо цхьанакхетча хIутту поэт, яздархо. Цу шиннах муьлхха а цхьа агIо бацахь, – тIаккха кхолларалла «са доцуш» хир ю, шийла хир ю, дегнех (нехан дегнех) ца кхеташ хир ю».
Гацаев СаьIидаца и ши агIо а хилла. ХIума ган а, цуьнан тидам бан а, цунах марзо эца хаьара цунна, ткъа и шена гинарг, «дагна Iаьткъинарг» кхечеран дагах кхетачу кепара дIаяздан а хиъна цунна. Iаламат исбаьхьа бу Гацаев СаьIидан поэзин мотт, цо говза пайдаоьцу поэтически суртхIотторан а, стих кхолларан а гIирсех.
«БIаьсте кхечи…» стихотворени еа гIулчах лаьттачу хорейн барамехь ю, шала (четные) стихашкахь каталектика а йолуш. Ерриге а стихотворени 24 стихах лаьтта. Рифмаш зударийн, божарийн ю. Рифмовка жIарийн хьесапехь ю, зударийн рифмаш божарийчаьрца хийцалуш. Цхьана а меттехь ритм, рифма, рифмовка талхийна йоцуш, юьххьера дуьйна чекхъяллалц цхьана хIоттамехь ю стихотворени.
Цхьа исбаьхьа юхааларш ду стихотворенехь. Уьш алссам а, тайп-тайпана а ду. Стихотворени дIайолалуш, хьалхарчу стихехь «хезий хьуна?» дешнаш – риторически тIедерзар а, хаттар а ду. Уьш ворхIазза далийна барамца башха йоккха йоцчу оцу стихотворенехь. Поэта цаьрца юххера юкъаметтигаш кхуллу стихотворени йоьшуш волчуьнца, шен сирлачу синхьегамашна юкъавалаво, бIаьстенан хиламех ирс эцаре кхойкху. Автора юхааларш цхьана рожехь леладо. «Хезий хьуна?» юхаалар хIоразза а шалазчу (нечетные) стихашкахь далийна. Хьалхарчуй, кхоалгIачуй стихашкахь эпифора ю иза (стихана тIехьа), кхечанхьа даим а анафора ю. Поэта цкъацкъа дешнаш карладахарца маьIна хуьйцу церан. Ма-дарра аьлча, бакъйолчу стихашкахь дукхахьолахь дешнийн масех маьIна даккхалуш хуьлу. Иштта «БIаьсте кхечи…» стихотворенехь дукхамаьIнийн ду «хезий хьуна?» бохург а.
БIаьсте яларан билгалонаш гойтуш йолу стихаш а юх-юха ялайо поэта. Иза а шен цхьана хьесапехь леладо. Ерриге а стихотворенин чулацамехь хIоразза шишша стих чекхъяьлча царна тIаьхьа йогIу шиъ, жимма хийцина я хийцам банний ца беш, юхаялийна ю. Уьш а риторически тIедерзаран, хаттаран кепехь далийна исбаьхьа юхаалрш ду. Стихотворенин маьIна кIарг а деш, маттана шатайпа аьхналла, исбаьхьалла ло цара.
Гацаев СаьIидан Iаламан лирика тайп-тайпанчу беснашца лепаш ю, амма алсам берг сийна бос бу. «БIаьсте кхечи…» стихотворенехь пхоьазза хьахийна сийна бос: «БIаьсте кхечи сийна схьа», «Зезаг доьлу сенчу бай тIехь», «ХIаваъ, сийна бIаьргаш санна» и. дI. кх. БIаьстенан бос бу иза – Iалам самадаларан, юхакхолладаран, дахар кхиаран бос.
«БIаьсте кхечи…» стихотворени зевне ю, екаш ю. Зевне аьзнаш юх-юха а далийна стихашкахь. Масала, «з» аз: «БIаьсте кхечи, ‒ хезий хьуна?», «Зевне йоьлуш, ‒ хезий хьуна?», «Зазах яьржаш кхаьчна схьа», «Зезаг доьлу сенчу бай тIехь», «Бешахь хьоькху мерза хIо. Хезий хьуна, хIаваъ сийна, Бешахь мерза хьоькху хIо? Iалам лепа зевне – сирла», «Мерза лазам бу сан кийрахь», «Хезий хьуна, лазам кийрахь», кхидерш а. Оцу аллитерацино мелла а алсамдоккху стихотворени зевне хилар, екар. БIаьстенан зов хезаш санна хетало.
Ассонанс а ю стихотворенехь (цхьатера мукъа аьзнаш долу дешнаш юх-юххехь далор). Цара стихотворени мукъаме еш, цхьа яй, еша атта хуьлуьйту.
Меттан исбаьхьаллин гIирсашца: башхачу эпитеташца, дустаршца, метафорашца кхелина ю стихотворени.
Цу тайпана, и дерриге а мехала ду «БIаьсте кхечи…» стихотворенехь Iаламан исбьхьа сурт кхолларехь.
Гацаев СаьIид шен лирикехь Iалам тергалдина Iаш вац, Iаламан тидам бина Iаш вац. Иза хаддаза даймехкан Iаламца цхьаьна ву, цунна Iалам деза, цунах воккхаве. «Лойша эсала мох…» стихотворенехь эсала мох а, бецан тхи а, «мохехь ийало» коьллаш а «дагна марзо луш, хаза елало» цунна. «Бай тIехь техка полла санна, Сан дог техка лаьмнашкахь», – боху цо «БIаьсте хир ю…» стихотворенехь. Иштта ю цуьнан ойла «Ма ца Iийн хьо, сан дог», «Лалла хьайна некъаш мел ду» стихотворенешкахь а. Поэтан юххера юкъаметтигаш ю Iаламца, адамашца санна уьйраш ю цуьнан Iаламца а. Иза Iаламан Iаламаташца къамеле а волу, цаьрга хIума а хотту цо, цунна жоп а ло цара. Шен деган ойланаш а ялхайо цо Iаламе:
ХIай йоI, делхьа, собарде,
КIезиг олуш дош ларде.
Мила ю хьо? ЦIе хIун ю?
Мичахь ю шун горга юрт?
Кхана, хазчу суьйранна,
Лаахь, кхана Iуьйранна, –
Миччахь хиларх и шун юрт,
Ас хьо цIарца лохур ю.
Хир ду лесташ боллан га,
Хоттур ду ас хIоранга:
Евзий шуна? Мичахь ю? –
ЭхI, шун хаза горга юрт!
Жоп лур суна меллаша,
Жоп лур сенчу баьллаша:
«ЦIахь ю, хитIа йогIур ю, –
ЭхI, тхан хаза горга юрт!»
Къоман ламасташ ду оцу стихотворенин чулацамехь. Нохчийн гIиллакх-оьздангаллица гайтина стихотворенехь лирически турпалхочун, цунна езаеллачу йоьIан васташ. И шиъ новкъахь, арахь ца девза вовшийн. Нохчийн гIиллакхашца догIуш ма-хиллара, йоI ехаш йолу юрт а лехна, цуьнга хитIа кхайкха лерина ву лирически турпалхо. ЙоIе хитIа кхайкха цхьаъ вохуьйтуш хуьлу. Иза кхочушдо Iаламо: «ЦIахь ю, хитIа йогIур ю», – боху «сенчу баьллаша». Iалам а къоман гIиллакхашца ду.
Ерриг стихотворенех чекхдолу исбаьхьаллин васт – «горга юрт». Иза нохчийн барта кхоллараллин васт ду. Цуьнца а билгалдолу стихотворени геннара схьадогIачу къоман Iадаташца, ламасташца хилар.
Стихотворенин дIахIоттамехь еа стихах лаьтташ йолу йиъ строфа ю. ХIор строфа чекхдаьлла маьIна а долуш, лирически турпалхочун билггал йолу ойла, лаам гойтуш ю. Стихашкахь юххера рифма ю. Строфан хьалхара ши стих вовшашца йозаелла дактилически рифмашца, тIаьхьара шиъ – божарийн рифмашца. Стихотворени чекхъяллалц ларйина цу тайпана йолу рифмаш а, рифмовкин кеп а.
Нохчийн меттан таронех говза пайдаоьцу автора. Исбаьхьа ю цуьнан стихийн лексика. Шен кхоллаелла ойла я билгалболу синхьегам гучубаккха, иза кхечуьнга дIакхачо бIегIийла болу меттан гIирсаш (дош, дешнийн форманаш, дешнийн цхьаьнакхетарш, дешнаш вовшашца дазаран кепаш) лахаран а, уьш стихехь дIанисбаран а лаккхара корматалла ю поэтан. Цуьнан стихаш яй ю, ешалуш ю, шайх атта кхеташ ю, самукъане ю. Цхьа шатайпана дай, атта, аьхна ловзадо цо стихашкахь дешнаш, карладохуш юх-юха даладо: «Кхана, хазчу суьйранна, Лаахь, кхана Iуьйранна», «Мичахь ю шун горга юрт?», «ЭхI, шун хаза горга юрт!», «ЭхI, тхан хаза горга юрт!». Иза а поэтан исбаьхьаллин хотIан цхьа билгало ю.
Гацаев СаьIидан «БIаьсте кхечи…», «ХIай йоI, делхьа, собарде…» стихотворенеш поэтан исбаьхьаллин хотIан башхаллаш шайца билгалйовлуш ю.
АРСАНУКАЕВ Iабдулла
№ 65, п1ераска, 12 июнь, 2015 шо