Ненан марзонех хьалхе хаьдда

20150522_112159

ХIора а стеган дахарехь уггаре а деза адам – нана ю. Мел воккхачунна а хала ду-кх цунах къаста. Делахь а, Iожалла массарна а тIекхочу. Ненах къаьстинчул тIаьхьа, кхидIа шен долчу  дахаран ойла ян  ца яло. Дуьнене а, дахаре а болчу безаман са а дIадолу…

Дукха жимачохь шен ненах къаьстинчех, цуьнан марзонех хьоьгуш ваьхначех цхьаъ ву Садулаев Ахьъяд. 1938-чу шеран 20-чу июнехь дуьнен чу ваьлла иза. Вайнах цIера бохучу хенахь 6 шо долуш хилла иза. ХIетахь цуьнан да а, нана а, кхо ваша а вара. Делахь а, царах къаста дийзира цуьнан… Ахьъядана тахана санна дагадогIу и ирча денош.

– Казахстанехь Кзыл-Дала юьртахь дечиган гIишло чохь Iаш дара тхо. Тхан да набахтехь вара. Со а, тхан нана Хадишт а, 3 ваша а вара хIетахь. Цига дIадахана дукха хан ялале,  тIаьхьий-хьалхий сан 3 ваша кхелхира.

Нана а, со а тхаьшшиъ дисира. Набахтех волчу  дегара а дацара хезаш цхьа а хIума. Вежарий кхелхинчул тIаьхьа, тхаьш Iийначу гIишло чохь кхин ца Iийра тхо… Кхечу гIишло чохь  Iен дIадахара. Лаьтта буха дахача санна,  лоха а, жима а цIа дара иза. Я керт а, уллехь божал а цхьа а хIума дацара. Бакъдерг дийцича, котамийн жима бун яра. Сан… Ца хилча йиш йоцучу сан ненах лазар кхийтира.

Меттахь йисира иза. Со хьожура цуьнга  Хьажа ма-веззара цуьнга хьажа  воккханиг  оьшура. Ткъа со жима вара, хIетте а, сайн нанна гIоле  хилийта  цунна оьшург дика дан хьожура со. Школехь доьшуш а вара со.

Школера  цIавеанчул тIаьхьа, ненан гIуллакх а дой, котамаш Iалашйора ас. Иштта денош, кIиранаш дIаоьхура…

Де-дийне мел дели а азлуш, гIеллуш йогIура нана. Хьаладуьйлучу дагаро ца юьтура иза чу са дан. Цунна дан йиш йоцчу гIонна холчу  хIуьттура со. Цкъа а лерера ца долу суна ненан  аз.

– Аяди (иштта  йоккхура нанас сан цIе), во Аяди!, – хала а, атта а  багара долура  цуьнан.

– Вайн котамаш дийна юй?

– Ю, нана, – олий, жоп лора ас.

– Аяди, котам ен езара ахь, хьайна яахIума йийр яра ахь, дийнна  кIира  ма ду хьо юуш  хIума  а йоцуш лелаш волу, – элира соьга  нанас цхьана дийнахь.

– Дика ду, нана. Кхана ас вайшинна котаман мерза чорп а йийр ю. Хьуна  гIоле  хир ю. Дала мукъ лахь! – элира ас.

Кхин хIумма а ца олуш дIатийра нана. Доккха са даьккхира цо. 40 шо бен дацара цуьнан, оцу лазаро лаьцча.  Цуьнан бIаьргийн серло яйча санна  хетара, юьхь макъелла яра.  Цунна хьалха велха ца хIуттура, къурдаш дора ас. Бецах кечдина  дарба лора  ас нанна, цунна гIоле хиларе  сатуьйсуш. Дай куьг хьокхура ас цуьнан коьртах. Ненан кийра доьдуш цхьа а хIума  дацара,  цо наггахь Iаьржачу баьпкан юхк кхоллар доцург.

1954-чу шеран август беттан тIаьххьара денош дара…  ЧIогIа довха денош даьхкира. КхоалгIа де а дара нанна вон хета. Корта схьа а лаьцна, воьхна Iара со. Айса хIун дан деза ца хаьара. Цхьана а минотана цуьнан маьнги уллера дIа ца  волура со.

– Нана,  хьо, – тоялийта,  ас дарбанча валор  ву хьуна, – элира ас.

– Ву? Маца валур ву ахь?

– ХIинцца.

– Дика ду, со хьоьжур ю хьоьга Аяди, новкъахь хье  ма лолахь, ас хьуна   сагатдийр  ду хьуна, – халла элира  нанас.

Дарбанча лаха вахара со. Наха  дийцира  суна иза мичахь ву. ДIакхаьчча, неI къевлина яра. Цхьанна дарба дан ваханчух тера дара иза. Шина сохьтехь  Iийра  со цуьнга хьоьжуш.

Цхьана метте дIа а хIоьттина,  воьлхуш лаьттира со дан хIума  ца хиларна.   Иза  кхин схьавогIург а  ца хилла, цIа  вахара. Со дIакхочучу хенахь, тхан цIенна уллехь гулделла адамаш гира суна. Со царна тIехьаьдира.

– Ахъяд, хьо стенгахь вара? Ма дуккха хан ю со хьоьга хьоьжуш волу, – элира соьга  тхан  гергарчу стага (генара  гергара вара иза) Хьасана.

– Хьасан, со дарбанча лаха  ваханера, ца карий-кх суна иза.

…Иза  хиллачух кхийтира. Дуьне  Iаржделира,  лестира. Стигланаш  тIейилхира. Иштта  хийтира цунна оцу миноташкахь. Цуьнан  нана д1акяьллера.

Иштта, 15 шо хан бен йоцуш, хийрачу  махкахь къаьстира со хIокху дуьненахь сайна уггаре а дукхадезачу адамех – ненах», – чекхдаьккхира шен гIайгIане  дийцар Ахьъяда.

Зорбане  кечдинарг – З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь – Садулаев Ахьъяд    

№ 65, п1ераска, 12 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: