Москвахь дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дийцаре дина Нохчийчоьнан промышленностана оьшуш долу гӀо-накъосталла.

Цигахь дакъалаьцна Россин промышленностан а, махлелоран а министра Д.Мантуровс а, Нохчийчоьнан Премьер-министра М.Хучиевс а, Промышленностан а, энергетикин а министра Р.Шаптукаевс а.
Къаьсттина тидам регионашна юкъарчу «Спецстали с заданными свойствами» кластерна бина. И проект Нохчийчоьно а, Орловски областо а кхочушйийр йолуш ю.
Цул сов, тидамза ца йитина «Чеченавто» юкъаралла а – предприятин болх жигарбаккхар а, арахоьцу продукци алсамъяккхар а дара дийцаре динарг.
Д.Мантуровс хаийтина оцу декъехь республикина оьшшу гӀонакъосталла федеральни тӀегӀанера хирг хилар.
№52, мангалан (июль) беттан 10-гIа де