(12-гIа июнь — Россин де)
Россин Федерацин Пачхьалкхан коьртачех цхьа дезде ду 12-чу июнехьлераниг – Россин де. 2001-чу шеран 12-чу июнехь Россин пачхьалкхан суверенитетан хьокъехь деклараци тIеэцна рогIера шо кхачарна лерина Кремлехь дIадаьхьначу даздаршкахь къамел дечу хенахь Россин Федерацин Президента В.В.Путина элира: «И документ тIеэцарца дIайолаелла вайн керла истори. Иза демократин пачхьалкхан истори ю. Оцу пачхьалкхехь коьрта хир ду гражданашна маршо ялар, закон дIаса ца таьIаш кхочушдар. Ткъа оцу дерригенан а коьрта маьIна ду мохк кхиор, бахархойн дахар токхе а, зовкхе а хилийтар».
Оцу дийнан сий-ларам байтаран юьхь йолийра Россин хьалхарчу Президента Ельцин Бориса. 1994-чу шарахь шен указца цо чIагIдо 12-гIа июнь, Россин пачхьалкхан суверенитетан хьокъехь Деклараци тIеэцна де, мехкан дезде хилар. Ткъа цул тIаьхьа диъ шо даьлча, 1998-чу шарахь Ельцин Бориса юкъадаьккхира 12-гIа июнь Россин де санна билгалдаккха дезаш хилар, «Деклараци тIеэцна де» а ца олуш.
Делахь а и цIе документаша тIехь, ма-дарра аьлча Къинхьегаман кодексан керлачу положенехь чIагIъяр 2002-чу шеран 1-чу февралехь бен ца хилира. Оцу кодексехь билгалдаьккхира 12-гIа июнь дезде хилар а, мокъа де хилар а.
ХIинцале ламасте дирзина Россин де билгалдоккхуш халкъо урамашкахь, майданашкахь, спортан хьаьрмашкахь, концертийн, театрийн сценашкахь самукъане даздарш дIадахьар. 2003-чу шарахь Россин денна лерина даздарш дуьххьара дIадаьхьира Москварчу ЦIечу майданахь. Иштта хаза ламаст хилла дIахIоьттина оцу дийнахь Iилманан а, техникин а, литературин а, искусствон а, кхечу а дакъошкахь бIаьрла кхиамаш баьхначарна хIора шарахь Россин Федерацин Пачхьалкхан совгIаташ далар. И ламаст юкъадаьккхина генарчу 1992-чу шарахь. ХIетахь дуьйна схьадохьуш а ду иза.
2007-чу шарахь и дезде тIекхочуш «Единая Россия» партин а, «Молодая Гвардия» кегийрхойн организацин а жигархоша дIаяьхьира Ерригроссин «Российский триколор» акци. Иза дIахьочу хенахь россихошна дIасадийкъира къоман байракхан беснашкахь долу миллион сов ленточкаш. Цул тIаьхьа хIора шарахь дIахьо оцу организацеша иштта акцеш. Делахь-хIета уьш дIаяхьар а ламасте дирзина.
2012-чу шарахь Левада Юрийн (Левада-Центр) хьесапдаран туьшо дIабаьхьначу хаттаман жамIаш а гайтира Россерчу бахархойх 76 процент болчара шаьш Россин гражданаш хиларх дозалла деш хилар. ХIинца, шеко йоццуш, кхин а дикка лакхабаьлла Россех дозалла дечеран барам. Дукхах болчу россихошна хетарехь, Россин пачхьалкхан суверенитетан хьокъехь Деклараци тIеэцар дикачу агIор хааделла мохк кхиорна а, халкъийн доттагIалла чIагIдарна а тIехь.
ТIаьхьарчу пхийтта шарахь Нохчийн Республикехь а шуьйра даздеш ду Россин де. Оцу дийнахь тайп-тайпана гIуллакхаш вовшахтуху культурин, кегийрхойн гIуллакхийн, дешаран, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствоша, кегийрхойн юкъараллин организацеша, кхечара. Царна юкъахь дукха хуьлу самукъадаккхаран, спортан гIуллакхаш. Оцу дийнахь дIахьочу гIуллакхашкахь жигара дакъалоцуш хуьлу Нохчийчоьнан Iедалан векалш а.
Кху шарахь а Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана боккха тидам тIебахийтина Нохчийчохь Россин де билгалдаккхарна. Цуо хьокъала доллу тIедахкарш дина министерствийн, ведомствийн куьйгалхошна. Оцу денца вайн республикин берриге а бахархой декъал а беш, дIадаханчу шарахь Кадыров Рамзана элира: «Россин Федерацин юьззина бакъонаш йолуш субъект ю тахана Нохчийчоь. Иза иштта хилла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьуьнар, доьналла, хьекъал, хьикмат бахьана долуш. Нохчийн халкъ маьрша, ирсе, зовкхе дахийтаран дуьхьа, Даймехкан цхьаалла хилийтаран дуьхьа шен са дIаделира цо а, эзарнаш цуьнан бIанакъосташа а. Цо хьехначу некъаца дIадоьлхуш долчу вайн, дуьне а инзардохуш, кхиамаш бу дахаран дерриге а дакъошкахь…».
Иштта дан а ду, Россин дуккха а къаьмнийн доьзалехь тахана боккха сий-ларам бу нохчийн халкъан, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьош йолу хьекъале политика бахьана долуш. И сий-ларам денна лакхаболуш бу, цо халкъан а, мехкан а дуьхьа деш долчу бIаьрлачу гIуллакхашка хьаьжжина. Цунна къеггина тоьшалла ду Аргун шахьарахь Кадыров Аймани-Хьаьжин цIарах исбаьхьа маьждиг а, дуккха а гIаьтнаш долу «Аргун-Сити –1», «Аргун-Сити–2» гIишлойн комплекс а, иттаннаш кхин объекташ а схьеллар. Евросоюзо, Малхбузено, 1амарко экономикин санкцеш яра хьаьжна доцуш кхиаме г1улчаш йохуш хьалха йоьдуш ю Росси а, цуьнца цхьаьна Нохчийчоь а халкъаш бертахь деха. Хазахетар а, халахетар а юкъара ду вайн. Делахь-хIета, Россин де а вайн массеран а юкъара дезде ду.
С.ДАДАЕВ
№ 65, п1ераска, 12 июнь, 2015 шо