Кадыров Рамзан: Со тешна ву деш долчу маьждигаша Соьлжа-ГIала кхин а къагориг хиларх

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан шен лерринчу тергонехь латтош ву Нохчийчохь маьждигаш даран гIуллакх.

Иштта, хIокху деношкахь иза хилира маьждигаш деш йолчу гIишлошъяран цхьамогIа майданашкахь.

– Уггаре а хьалха со хилира Россехь а уггаре а йоккха хир йолу исламан Iилманан-серлонан туш ечу майданахь. Кхузахь къамел ду вуно йоккхачу проектан хьокъехь. Цуо юкъалоцу маьждиг, исламан библиотека, дешаран классаш (хьуьжарш), белхан хьаштийн чоьнаш, кхиерг. Комплексана цIеяхханчу Iеламстеган Шайхан Хаджимусаев Дауд-Хьаьжин цIе тиллина. Таханлерчу денна тIекхочуш говзанчаш гIишлонан каркас дIахIоттийна бевлла. Кхузахь ас вовзийтира сайн гIоьнча Эдилов Iабдул-Керим. Цо шен Iуналлехь латтор ду регионехь гIишлошъяран гIуллакх, – элира Кадыров Рамзана.

Цул тIаьхьа республикин Куьйгалхо БухIан-Юьртахь хилира. Цигахь деш ду Шайх Мансуран цIарах долу маьждиг.

Карарчу хенахь гIишлошъярхой арахьа хьахаран белхаш беш бу. Маьждиг чIогIа хазачу меттехь деш ду. Цу чохь жамIатехь 4 000 стеган ламазаш дан аьтто хир бу.

Цигахь долчу хьоле хьаьжначул тIаьхьа Кадыров Рамзан Мохьаммад Iалин цIарахчу проспектехь хилира. Кхузахь а кестта маьждиг хир ду, 4 400 стаге цхьаьна ламазаш далур долуш.

– ГIишло горга хир ю. Цунна гонаха ирхъяхана пхи момсар хир ю. ХIора момсарна вайн халкъан тоьллачу кIентийн – Хьусайнан, Юсупан, Олхазаран, Рамзанан, Абубакаран – цIераш тохкур ю. Уьш вовшийн уллера гергара бара, кхелхира вуно къона болуш, 1998-чу шарахь ямартлонца, тешнабехкаца сан хьомсарчу дена Ахьмад-Хьаьжина, вен дагахь, кIело йинчу хенахь. Иза оцу шерашкахь муфти вара, ткъа и кIентий – цуьнан юххера бIанакъостий. Суна цкъа а дицлур дац и къиза, ирча де. Вай АллахIе доьху даима а хир йолчу ялсаманица царна совгIат дар, – бохура Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана баркалла, Дела реза хуьлда элира Эдильгириев Амруддина, еххачу хенахь маьждигаш даран проекташ кхочушъеш волчу.

Цо дIахаийтира ша кхаьчна волу маьждигаша Соьлжа-ГIала кхин а къагориг хиларх тешна хилар.

– Маьждигашка хьажар чекхдоккхуш ас Соьлжа-ГIалин мэрана Кадыров Хас-Мохьмадана тIедиллира деш долчу маьждигашна гонахара меттигаш куьце ялор, – дерзийра Р.Кадыровс шен къамел.

Д.ПАШАЕВ
№52, мангалан (июль) беттан 10-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: