Дешериев Юнусан цIарах йолчу Соьлжа-ГIаларчу лингвистикин школехь республикин кхеташо хилира.

Цигахь дийцаре дира Нохчийн Республикин юкъарадешаран учрежденешкахь физически кхетош-кхиоран хьокъехь долу гIуллакхаш.
Кхеташонехь дакъалецира Нохчийчоьнан дешаран а, Iилманан а министра Байсултанов Идриса.
И мехала гIуллакхаш дийцаре динчул тIаьхьа дIадаьхьира республикин юкъарадешаран учрежденешкахь физически культура а, спорт а кхиорехь дика кхиамаш баьхначарна совгIаташ дар.
Билгалбехира физически культура а, спорт а кхиорехь, дика командаш кхиорехь, республикин къийсадаларшкахь совгIатан меттигаш яхарехь шайгара лаккхара говзалла а, доккха хьуьнар а гайтина белхахой а, ткъа иштта, учрежденеш а.
Соьлжа-ГIалин мэрин дешаран департамент хьалхарчу могIарехь яра муниципальни кIоштийн а, гIаланийн округийн а 2020–2021-чу дешаран шарахь юкъарадешаран учрежденийн дешархошна а, физически культурин хьехархошна а юкъахь физкультурин а, спортан-массови а мероприятеш дIаяхьаран рейтингехь.
Цул сов, дешаран системехь физически культура а, спорт а кхиорна юкъа йоккха хазна йилларна Нохчийчоьнан дешаран а, Iилманан а министерствон Сийлаллин грамота елира Соьлжа-ГIалин мэрин дешаран департаментан хьаькамна – мэран заместительна Ахматов Зеламхина.
Иштта, Сийлаллин грамоташ елира №24 йолчу школин директора Ахмедханова Яхина, №48 йолчу школин директорна Ражапов Мусана, №14 йолчу гимназин директорна Цускаев Мохьмадна, №29 йолчу школин хьехархочунна Сааев Ахьмадна.
Д.АНАДЕВ
№52, мангалан (июль) беттан 10-гIа де