Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах урам бу Боснерчу Завидовичи гӀалахь.
Меттигерчу бахархоша хазахетарца тӀе а оьцуш, иштта сацам бина оцу гӀалин Кхеташоно.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀе тиллина урам Завидовичин коьртачу урамех цхьаъ бу.
Оцу урамехь коьрта (рузбанан) маьждиг а, школа а, стадион а ю.
№53, мангалан (июль) беттан 14-гIа де