Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу регионан юкъараллин фондан президентана Кадырова Несин Айманина «За благодеяние» билгало елла Россин Президента Путин Владимира.
«Россин Федерацин пачхьалкхан совгӀаташ даран хьокъехь» Указ (№413/11.07.21) зорбатоьхна publication.pravo.gov.ru сайта тӀехь.
Цу тӀехь билгалдоккху Несин Айманина пачхьалкхан совгӀат даларан бахьана – гӀо-накъосталла дарна а, юкъараллин гӀуллаккхалла лелорна а.
№53, мангалан (июль) беттан 14-гIа де