«РусГидро»-н проектаца жима ГЭС йийр ю Итон-Кхаьллан кӀоштахь

Итон-Кхаьллан кӀоштахь жима гидроэлектростанци (МГЭС) ян ойла ю. Оцу кӀоштахь а, махкахь а иза шолгӀа хир ю.

«РусГидро»-н проектаца Орга хи тӀехь йийр йолу МГЭС 10 МВт ток яккха ницкъ болуш хирг хилар хоуьйту говзанчаша.

И гӀуллакх дийцаре дина Нохчийн Республикин Премьерминистран Хучиев Муслиман а, Россин Федерацин энергетикин министран Шульгинов Николайн а хиллачу цхьаьнакхетарехь.

№53, мангалан (июль) беттан 14-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: