Кадыров Рамзан: «Бусалба умматан дахарехь къеггина лар йитина Кишин Кунта-Хьаьжас»

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана зорбане баьккхина нохчийн устаз, эвлаяъ, Шайх Кишин Кунта-Хьаьжа (Дала къайле тойойла цуьнан) винчу денна лерина болу декъалдаран хаам.

«Кишин Кунта-Хьаьжас къеггина лар йитина нохчийн халкъан а, бусалба умматан а дахарехь, исторехь. Иза цIеяххана Iалим, хьехамча, эвлаяъ, маслаIатхо, тIамна дуьхьалонча хилла. Эвлаяа шен дахар дикалла, къинхетам, Къуръанан а, суннатан а хьокъехь Iилма даржорна тIехьажийна. Цо адамаш собаре хиларе, къинхетаме хиларе, гонаха болчеран бала-гIайгIа кхочуш хиларе, ницкъ барх, вас ярх ларлуш хиларе кхойкхуш хилла. Уггаре а коьртаниг – цо шегарчу масалца, шен леларца гойтуш хилла бакъволу бусалба стаг муха хила веза», – яздина Кадыров Рамзана.

Цо билгалдаьккхина Кишин Кунта-Хьаьжас цкъа а кара герз эцна цахилар, цо цкъа а тIом баре кхайкхина цахилар.

«Адамаш цуьнан даше ладугIуш, цо аьлларг деш, схьалоцуш дара. Цундела цуьнан гIуллакхаша гIо дора машар чIагIбарна, хьал синтеме хилийтарна. Кишин Кунта-Хьаьжас машар, маслаIат даран гIуллакхаш деш хиларе хьаьжна ца Iаш паччахьан Iедало, лаьцна, махках ваьккхира иза. Ас дукхазза а баьхна иза махках ваккхар вайн юкъаралла карзахъяккха, халкъ оьгIаздахийта йолчу ойланца, халкъ шен синмехаллех даккха йолчу ойланца бен дина хуьлийла дац, аьлла. Кхечу кепара кхетийла а дац цунах», – яздина регионан Куьйгалхочо.

Цо дийцарехь, оцу муьрехь паччахьан Iедало Шайх маршонах а, паргIатонах а, хьомечу махках а ваьккхира, амма иза халкъе вицвайта ницкъ ца кхечира цуьнан.

«Эвлаяан хьехамийн, Iилманан мехалла яйна яц таханлерчу дийнахь а. Кхузаманан юкъараллин сагатдеш долчу дуккха а хаттаршна жоьпаш карадо цаьргахь, Кунта-Хьаьжин муридаш, иза къайлаваьллачул тIаьхьа цхьаъ-ах бIешо даьллачул тIаьхьа а, цуьнан некъ (тIарикъат) дIакхоьхьуш бу. И некъ Сийлахьчу Къуръанна а, суннатана а тIетевжина бу. Иштта хир ду даима а! Дала Шен даржехь лакхавоккхийла вайн Устаз, Исламан а, бусалба Умматан а дуьхьа цо динчу гIуллакхашна», – дерзийна шен йоза Кадыров Рамзана.

Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службо.

Д.ПАШАЕВ
№53, мангалан (июль) беттан 14-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: