«Соьлжа-ГӀала – Москва» цӀерпоштана керла вагонаш лур ю

«Соьлжа-ГӀала – Москва – Соьлжа-ГӀала» маршрутехула лелачу цӀерпоштана керла вагонаш лур ю. И гӀуллакх дийцаре дина Нохчийн Республикин Премьер-министра Хучиев Муслима дӀаяьхьначу кхеташонехь.

Цо хаийтина пассажираш дӀасабигаран тӀегӀа лакхадаккхар Правительствон тергонехь хилар а, вагонаш цӀинъяран болх дӀаболийна хилар а.

Иштта, Соьлжа-ГӀалахь керла ЖД-вокзал еш хилар а хаийтина кхеташонехь. 350 пассажирана лерина а, 3 эзар м² дӀалоцуш а хир ю иза йина яьлча.

№54, мангалан (июль) беттан 17-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: