Зерийн а, кхиаран а шераш

ХIокху деношкахь даздеш долу Нохчийн Республикин Администраци кхоьллина 15 шо кхачар историн бустамашка диллича, схьахетарехь, башха йоккха хан яц, делахь а, иза истори ю. Пачхьалкхан цхьаьнакхетаралла, сийлахь-боккхачу мехкан субъект санна вайн республика дIахIоттаран, гражданско-бакъонан, тIеман-политикин, динан-оьздангаллин, ткъа иштта законодательни декъехь Iаламат чолхечу кризисах чекхдовларан истори.

Пачхьалкхан барамашкахь хиллачу баккхийчу а, кегийчу а хиламийн исторех кхетарна эшам а ца беш, кхузахь нийса хир ду аьлла хета таханлерчу дийнан суртийн бух буьллуш гIуллакхаш динчу стагах лаьцна дийцича. Нохчийн Республикин таханлерчу историн юьххьехь лаьтташ бара пачхьалкхан гIуллакххойн билггалчу цIерашца боьзна болу вайх хIораннан а кхолламах дерг къастийна болу сацамаш.  Цкъа-делахь,  республикехь Россин Федерацин конституцин дIахIоттаман баххашца йогIуш йолу пачхьалкхан-бакъонан институташ кхолларан хьокъехь болу сацам. ШолгIа-делахь, республика мехкан бакъонан а, конституцин а гурашна юха юкъа а ялош, оцу хенахь Нохчийчохь и сацам кхочушбарх долу жоьпалла шена тIелаца нохчийн халкъан ша цхьаъ бен воцу тхьамда  Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кийча хилла хилар.

Цундела пачхьалкхан дийнна субъект юха кхоллаяларан гIуллакх толлуш нийса хир ду аьлла хета, Нохчийчохь Россин Правительствон векалалла дIа а доккхуш, «Нохчийн Республикехь кхочушдаран Iедалан органийн система кхолларан хьокъехь» долчу РФ-н Президентан Указца нийса а догIуш, республикин пачхьалкхан органаш кхоллаяларан шераш жимма юхалистича. Оцу сацамца бух биллира шена коьртехь лаьтташ Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а волуш, Нохчийн Республикин Администрацис шен болх кхиамца дIабахьарна. Ткъа иза республикин президентан дарже хаьржича оцу органна Нохчийн Республикин Президентан а, Правительствон а Администраци аьлла цIе тиллира.

Чолхе бара Администрацин хинволчу куьйгалхочунна хьалха хIиттош болу лехамаш – цхьана а кепара талхо йиш йоцуш законан берриге а лехамаш дIаса ца таьIIаш кхочушбар. Цуьнца цхьаьна иза декхарийлахь вара тIемаша бухайитинчу чалхаш тIехь «РФ-н конституцин баххийн дIахIоттам, Нохчийчохь стеган а, гражданинан а бакъонаш, паргIатонаш ларъяран, цуьнан пачхьалкхан-бакъонан институташ, экономика, социальни дакъа меттахIотторан, Нохчийн Республикехь пачхьалкхан Iедало шен болх хаддаза дIабахьарна кхачояран Iалашонашкахь кхочушдаран Iедалан органаш» кхолла а. Оццу хенахь кхолла езаш яра ша Администраци а: цуьнан отделаш, департаменташ вовшахтоха, кхочушдаран а, векаллалин а, законодательни а Iедалан ша цхьаъ бен йоцчу оцу органна говзанчашца, гIирсашца, оргтехникица кхачояр, хIусамашца, транспортаца белхан алапица, болх барна оьшучу чоьнашца кхачоярна таронаш лахар. Ма-дарра аьлча, яьссачу меттехь кхуллуш яра иза.

Россин Президентан В.В.Путинан сацамах лаьцна дуьйцуш билгалдаккха догIу Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхочун балхахь уггаре а халачарах   Президентан Указан хьалхара ши пункт хилла хилар. Оцу денойн историс къеггина гойту муьлхачу хьелашкахь кхочушдан дезара и декхарш: хIаллакбеш бара меттигерчу администрцийн куьйгалхой – уьш лечкъабора,  царна ницкъаш бора, цхьа а тайпа суд йоцуш хIаллакбора, и дерриге а  хьакхадалаза ца дуьсура церан гергарчарах. Нохчийчоьнан Администрацин Куьйгалхочунна шена а йора кIелонаш, хIаллакьхуьлура цуьнан гергара нах, цуьнца  ойла йогIуш берш. Иза меттигашкахь кхочушдаран органаш кхолларан, цара хаддаза гIуллакх даран хьелийн тIеман сурт ду. Амма республикин Администрацин Куьйгалхочун белхан кхин агIо а яра – цхьана а денна, цхьана а сохьтана сацош боцу, ерриге а бохург санна йохийна чIанаяьккхина республика меттахIотторна тIехьажийна беш хилла вовшахтохараллин, бакъонан, законодательни болх.

Цуьнан белхан оцу агIонах лаьцна долу тоьшаллаш ду Iедалан федеральни органашка, мехкан Президенте В.В.Путине Кадыров Ахьмад-Хьаьжас деш хилла дехарш. Цаьрца цо  доьхура уггаре а мехала дакъош меттахIитторехь республикина сихха а, санехь а гIо дар. Оцу дехарша иштта гойту федеральни тIегIанехь а, республикехь а даррехь, я къйлах дуьхьало еш тоъалчу барамехь баккхий ницкъаш иэшо лаам а, хьуьнар а хилла хилар, муьлхачу декъехь хьалха-тIаьхьа муьлха гIуллакх даккха деза хууш хилар. Оцу муьрехь, ма-дарра аьлча, кIадвалар хIун ду ца хууш, хан-зама ца лоьруш болх бора цо

Шен белхан хьалхарчу шерашкахь Нохчийн Республикин Администраци регионехь Iедалан дерриге а дакъош меттахIиттор а, кхоллар а вовшахтохархо, машаран процессаш, тIеман командованица йолу юкъаметтигаш, федеральни центарца  зIенаш чIагIъяран дIадолорхо хилла юкъаюьйлура. Оццу хенахь ца сацош дIахьош бара Россин Федерацина юккъехь республикин статус билгалъяккхарна тIехьажийна Нохчийчоьнан халкъийн референдум дIаяхьарна кечамбарехула болу болх а. Цу тIе цуьнан жамIашкахула хила безаш бара Нохчийн Республикин Президент а, Парламент а хоржуш хинболу харжамаш. ДоггIучуьра билгалдаккха луур дара суна референдумана кечамбар дIахьочу муьрехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас башха толам баьккхина хилар. Дуккха а агIонаш йолчу цуьнан гIуллакхаша гайтира халкъан шега доккха хьашт долуш а, пачхьалкхан дIахIоттаман муьрехь иза оьшуш а хилла хилар. Республикин статусан хьокъехь 2003-чу шеран мартехь дIаяьхьначу референдумо а, цул тIаьхьа хьалхара президент а, законодательни кхеташо а хоржуш дIабаьхьначу харжамаша а дIаехира нохчийн халкъан доккхах долчу декъана а, дийнна Россин юкъараллина а юкъахь хилла галморзахаллаш.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана хьалха лаьтташ хиллачу хьалхарчу рогIан декхаршна юкъахь дара Iаламат чолхе гIуллакхаш: Нохчийчохь банкан система кхоллар, билггалчу хьашташца нийса а догIуш, меттахIотторан процессана а цхьанаэшшара ахча дIахецийтар, республикехь мобильни сотови зIе оьшуш хилар, спортан гIишлош ярна хьелаш кхоллар, Россин регионашца, ткъа тIейогIучу хенахь кхечу пачхьалкхашца Нохчийн Республикин хIаваэхула зIе хилийтар, Россин герзаца кечбинчу ницкъашкахь гIуллакх дан Нохчийчоьнан гражданаш кхайкхийтар, республикин МВД-н статус хаъал лакхаяккхар, цуьнан штаташ алсамъяхар, тIамах бевдда ГIалгIайчу баханарш цIа берзор, кхин а дуккха а.

Шен белхан уггаре а коьртачарах декхар лорура  Ахьмад-Хьаьжас герзаца дIахьош болчу къовсамехь кегий нах Iожаллех ларбар. Цуьнан дIадолорца масех амнисти кхайкхор бахьанехь уьш эзарнашкахь кIелхьара а бехира. Иштта билгалдаккха деза ша кхалхале цхьа бутт хьалха «бевдда баханчеран лагерь» дIаяккха Нохчийн Республикин хьалхара Президент кхиъна хилар а. И болх чекхбаккхаран дукъ цуьнан кIанте Рамзане кхечира.

Цхьайолчу федеральни структураша Ахьмад-Хьаьжин планашна дуьхьало ярх лаьцна дуьйцуш тидам тIебахийта хьакъ ду Россин транспортан а, зIенан а министра кхузахь сотови мобильни зIе схьаеллар доьхуш дахьийтинчу кехатана делла жоп. Ша аьлча, цу тIехь яздо: «Россин МВД-ца, Россин ФСБ-ца цхьаьна Россин транспортан а, зIенан а министерствос къастийра хьан дехар… Оперативни чолхе хиларца доьзна Нохчийчохь сотови мобильни зIенан доза деттар дIадаккха хьалхе ду аьлла хета». Амма иза а, и санна дерш а  кхиамца къастийна цхьалхадохура республикин Администрацин Куьйгалхо юхавер воцуш хиларна а, Россин Президент цунах дика кхеташ хиларна а. ДоггIучуьра, лакхахь дийцинчу кехата тIехь В.В.Путинан иштта резолюци ю: «…Къасто хан тIекхаьчна. Хаамбе».

Иштта хилира республикехь спортан объекташ яран гIуллакх къасточу хенахь а. Цунна тоьшалла до оцу гIуллакхах хьакхалуш долчу масех документо. 2004-чу шеран 25-чу мартехь В.В.Путине ша яздинчу кехата тIехь, республикехь спортан-могашалла тояран 20 комплекс яр оьшуш хиларна бух хIоттош, А-Хь.Кадыровс яздо: «Объекташ юкъаялор 2006-чу шарахь дуьйна дIадолор Россин Госкомспорто хьалхахIоттош хиларца данне а реза хуьлийла дац, хIунда аьлча 10 шо сов хан яьлла Нохчийчохь спортан инфраструктура йоцу…». Цо гойтура оцу гIуллакхана ахча мичара хила йиш ю а. Оццу дийнахь пачхьалкхан куьйгалхочо Россин Правительствон Председатела М.Е.Фрадковга дIахьажадо и кехат, шена тIехь иштта резолюци а йолуш; «Доьху Нохчийн Республикин предложенига хьажар, вовшашца барт бина кеп лахар а, гIуллакх къастийна цхьалхадаккхар а». Иштта масалш кIезиг дац шина куьйгалхочо вовшашка яздинчу кехаташца доьзна. Масала, Ахьмад-Хьаьжин  цхьана дехарна жоп луш иштта йоза ду:  «Къастийна цхьалхадаккхар а, хаамбар а доьху. Эшам хилийта йиш яц республикина». В.В.Путине долчу шен цхьана кехата тIехь А-Хь.Кадыровс хаамбо Россин экономика кхиоран министерствос гражданашна хIусамашца кхачоярна схьахоьцуш хилла ахча сацийна хиларан хьокъехь. Пачхьалкхан куьйгалхочо оцу ведомстве дIадохьуьйту и кехат, иштта билгало а еш: «Ахча дIахецар хIунда сацийна? ГIуллакх кхин цкъа къаста а дай, соьга хаамбе». Нохчийн Республикехь меттахIотторан белхаш дIабахьарна, хIора дийнан гIуллакхашна мехкан а, регионан а куьйгалхой жоьпалла хиларца хьоьжуш хилла хиларан масалш ду уьш.

Амма Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхочун даржехь А-Хь.Кадыровн болх кхочушдаран а, законодательни а органаш кхолларна, социально-экономикин дакъа меттахIотторна, министерствоша, ведомствоша, учрежденеша шайн болх дIабахьарна кхачоярна, дийнна районашкахь дахаран бегIийла хьелаш кхолларна тIехь чекхболуш бацара. Лаккхарчу политикин Iедалан куьйгалхо а, къоман динан баьчча а хиларе терра иза декхарийлахь вара республика а, халкъ а дуьненаюкъарчу аренехь, Iаьрбийн Малхбален, СНГ-н мехкийн пачхьалкхийн векалшца йолчу бахамаллин, дипломатин, линашна юкъарчу зIенашкахь, Россин регионашкахь, федеральни а, республикин а телевиденехь, зорбанехь шен республикин цIарах дош ала, «дудаевн-масхадовн раж урхалла деш» йолчу шерашкахь шена тIехь кхоьллина цIе дIаяккха боккха лаам болуш долчу халкъан лаамаш, сатийсамаш бовзийта, шен дуккха а бIешерийн исторехь халкъ-кхоллархо, Даймохк ларбархо, халкъ-ахархо, къинхьегамхо, дипломат хилла хилар гайта. И декхар цо сийлаллица кхочуш а дира.

…Тахана Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администраци тоъалчу барамехь чолхе, шуьйра яьржина, дуккха а дакъош долуш йолу, оццу хенахь регионан Куьйгалхочун а, Правительствон а берриге а сацамаш кхочушбарна тIехь таллам латтош йолу урхаллин аппарат ю. Кадыров Рамзанан куьйгаллица Iаламат боккха болх дIахьо Администрацин дакъоша Нохчийн Республикин Куьйгалхочун указаш, Правительствон сацамаш кхочушбарна тIехьажийна. Урхаллин аппарато шена чулоцу бархI департамент, кхоъ Урхалла, йиъ отдел. Царах хIоранна а юьззина кхачойина шайн гIуллакх дика девзаш болчу корматаллин говзанчашца. Цара, бакъонца, дан хьакъ а долуш, доккха дозалла до шаьш Кадыровн командехь хиларх. Болх кхиамца дIабахьарна дерриге а хьелаш кхоьллина, оьшуш болчу гIирсашца,  оргтехникаца кхачойина.

Дуккха а дан а дина, деш а ду республика буьззинчу барамехь меттахIотторна, регионан халкъийн син-оьздангаллин, культурин, философин, эстетикин ламасташ дендарна, нохчийн а, кхузахь дехаш долчу кхечу халкъийн а ламасталлин динан, этически мехаллаш меттахIитторна тIехьажийна. Къоман тхьамдан, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан башха гIуллакхаш, ламасташ дIакхоьхьуш волчу говзачу, бакъонца куьйгаллин доккха похIма долуш волчу Кадыров Рамзанан куьйгаллица кхиаран коьртачу новкъахь башха толам баьккхина вай. Цул совнаха чIагIдина и некъ нийса хилар. Делахь-хIета, тIейогIучу хенахь а иза иштта хилар гайтар ду вайна тIехь: вешан къинхьегамца, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тешаш хиллачух вай ваьш а тешаш хиларца.

МАДАЕВ Тимирлан,

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а

Администрацин куьйгалхочун заместитель. 

№ 65, п1ераска, 12 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: