Хьомсара вежарий, йижарий! Даггара декъалдо шу бусалбанийн рузманехь уггаре а деза де – ГIурбанан де (Ид аль-Адха) тIекхачарца.

Кхиъна йолу цхьа а юкъаралла уьш йоцуш хила йиш йоцу мехаллаш гойту оцу дийно. Уьш дикалла, къинхетам, вовшех дог лазар, вовшашна гIо дар, собар, тардалар ду. Цундела хIокху сирлачу, къегинчу дезачу дийно вайн хIусамашка йовхо, аьхналла, синтем бохьу.
Дуьненан массо а маьIIера бусалбанаш хIокху дийнахь маьждигашкахь Iийда ламаз дан, АллахIе доIанаш дан цхьаьнакхета. Адамаша вовшийн декъалдо, вовшашна шайн дегнийн йовхо ло, гIийла-мискачарна, хьашто йолчарна гIо-накъосталла до, гIурбанаш къобалдеш гергарнаш, доттагIий, белхан накъостий болчу боьлху.
ГIурбанан дезачу дийнан коьрта башхалла ю гIурба дер, гIурбанах дакъа гIийла-мискачарна кхачийтар. Оцу дерригено а гIо до вайн юкъараллин барт, цхьаалла чIагIъярна!
Нохчийн халкъана чIогIа деза гIурбанан деза де. Иза тIекхачаре сатуьйсу цо, хьакъ ма-дду иза даз а до. Оцу дийнахь ерриге а республикехь дезачу дийнан хьал хуьлу. Массо а самукъадаьлла, дог-ойла гIаьттина хуьлу.
Ламасте дирзина гIурбанан дезачу деношкахь а, цул хьалхарчу деношкахь а Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондо даккхий сагIанаш дахар. Оцу деношкахь эзарнаш гIийла-мискачарна гIо до, цу юкъахь хуьлу гIурбанан дакъош. Цул сов, фондо бIеннаш бахархошна гIурба дейта даьхни а дIасадоькъу Нохчийчохь а, луларчу регионашкахь а.
Хьомсара вежарий, йижарий! Везачу АллахIа къобалдойла вайн массеран а гIурбанаш! Лаьа шу маьрша дехийла, доьзалшкахь ирс, аьтто, беркат лаьттийла, ийман чIагIлойла!
№54, мангалан (июль) беттан 17-гIа де