Къоман проектийн гурашкахь бен болх бовзийтарехь Россехь а хьалхарчарах ю Нохчийчоь. Иза билгалдаьлла хаамийн «Национальные приоритеты» системин асаран (июнь) беттан рейтингехь.
Билггал аьлча, оцу системи чу материалаш яхарехь (1 128) а, «Демографи» (536) а, «Дешар» (185) а, «Культура» (308) а дакъошкахь а хьалхара меттиг яьккхина вайн республико.
Системи чу материалаш яхарехь 2-гӀа меттиг Самарин областана (1 047) кхаьчна, ткъа 3-гӀа меттиг – Перман крайна (952).
№54, мангалан (июль) беттан 17-гIа де