Дешархошна итт-итт эзар сом лур ду

Россин Федерацин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехь йолчу отделенин Социальни гIо дарехь барам хIотторан отделан куьйгалхочо Мишиева Маликас республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн журналисташца брифинг дIаяьхьира.

Цигахь, коьртачу декъана, дийцаре дира 6–18 шераш долчу берашна школе даха кечамбарна догӀучу иттитт эзар соьманна кехаташ кечдар а, уьш чудалар а.

– 2003-чу шеран мангалан (июль) беттан 3-чу дийнера 2015-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан хьалхарчу дийне кхаччалц йолчу юкъанна дуьнен чу девллачу берашна цкъа луш долу 10 эзар сом лур ду карарчу беттан 15-чу дийнахь дуьйна лахьанан (ноябрь) беттан хьалхара де тIекхаччалц. 6 шо кхаьчна бер школе доьдуш дацахь а луш ду цунна и ахча. Цул сов, могашалла ледара йолчу 23 шо кхаччалц долчу берашна а догIу и ахча. Оцу программи юкъадогIу 1998-чу шеран мангалан беттан 3-чу дийнахь дуьйна дуьнен чу девлла бераш, – билгалдаьккхира Мишиева Маликас.

2020-чу шарахь, дуьненахь а даьржина ун бахьанехь, карантинехь Iийначул тIаьхьа, дешархошна школе баха гIо деш кхаа баттахь итт-итт эзар сом ахча делира. Цуьнан бух болуш бу «Госуслуги» чохь. И бух болчу дай-наношна юха а заявлени чу дала оьшуш дац. Программо ша автоматически чу лур ду заявлени.

Цул сов, оцу бухаца нийса а догIуш, «Мир» карта доцучарна а лур ду, хIунда аьлча, стохка и ахча эцначу дай-нанойн тайп-тайпанчу банкийн картанаш дара.

ХIинца дуьххьара и ахча догIучу берийн дай-нанойн аьтто бу «Госуслугаш» чухула заялени чу дала.

Иштта, шайна лаахь, Пенсионни фондан муниципалитеташкарчу дакъошкахь чу дала а йиш ю.

– Цкъа луш долу и ахча Россин гражданашна бен луш дац, кхечу махкара схьабаьхкина вайн пачхьалкхехь бехачу доьзалийн берашна ца догIу и ахча. Амма, кхечу пачхьалкхашкахь бехачу Россин гражданашна догIу. Бакъду, заявлени чу дала Пенсионни фондан муниципалитеташкарчу дакъошка даха дезар ду дай-нанойн, – кхетийра Социальни гIо дарехь барам хIотторан отделан куьйгалхочо.

Доьзалехь масех бер делахь а, цхьана заялени тIе яздан йиш ю бераш.

Шина доьзалан бераш цхьана заявлени тIе яздан а, шина доьзалерчу берийн ахча тIедогIу банкан номер цхьаъ хила а йиш цахилар а билгалдаьккхина брифингехь.

ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№54, мангалан (июль) беттан 17-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: