Халкъана дIаделла дахар

2874

1999-чу шеран августера 2000-чу шеран августе кхаччалц. Нохчийчохь дIабоьдуш бакъонца, боккха тIом бу. Оцу тIамо ца кхоадо бераш, ца кхоабо зударий, къаной, маьрша нах. Радиохь, телевиденехь, газеташкахь дийнахь а, буьйсанна а дIакхайкхош ду: теракт йина, тIемаш хилла, хIаллакбина… толам баьккхина.

ЧIогIа дийцаре деш ду Нохчийчоьнан муфти Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо хIоттор. Хетарш тайп-тайпана ду. Цхьаберш чIогIа реза бац иза оцу дарже хIотторна. Ткъа вукхарна дика хета. Цара къобалдо цунах и дарж тешор. Цаьргахь сатийсам кхоллабелла диканиг хиларе. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо хIотторан хьокъехь долчу Россин Федерацин Президентан В.В.Путинан Указца Нохчийчоь екъна ца Iаш, Кремль а, Федеральни структураш а йийкъира.

Дукхах болчара ойла йора (цхьаболчара бела къежаш, вукхара – хьогIе): «Цуьнга хIун далур ду. Иза муфти ма ву. Iедалан политикин органашкахь цкъа а болх бина а воцу?». Администрацин Аппаратан белхахой хилларш а, республикин районийн цхьаболу куьйгалхой а, иштта сацам тIеэца мегарг цахиларан, иза нийса цахиларан, гIалат хиларан, политикина зуламе хиларан хьокъехь Путин Владимире кехат а яздина, куьйгаш яздойтуш бара. Оцу хьолехь соьга элира: «Республикин Куьйгалхочун заместителан даржехь а волуш, Администрацин Аппаратана куьйгалла дийр дарий ахь?», со цецваьлла висира. Суна айса хIун ала деза ца хаьара. Цу тIе, сан дукхах болу накъостий, аьлча а, накъостий хилла берш, баррикадина вукха агIор берш, мелхо а, дIабоьлхуш бара. Нохчийн Республикин муфтина юххе дIахIотта веза со. Жоп дала ца хIуттуш волчу сох кхеттачу цара элира: «Хьуна иза вевзаш вац. Цуьнца цхьаьна а кхетий, къамел дехьа. ТIаккха айхьа цхьа сацам бийр бу ахь». Цара бохург хьекъале дара. Цуьнца цхьаьнакхета суо кийча ву элира ас. Ахьмад-Хьаьжа дуьххьара Москва веача «Президент-Отель» хьешацIийнехь цхьаьнакхийтира тхо. Иза августехь дара.

Со тIеийцира лекхачу, оьздачу дегIехь волчу, коьртахь холхазан куй болчу, светски костюм тIехь йолчу стага. Цуьнан карахь долчу суьлхьанех бIаьрг кхийтира сан. Сан дагахь, ойланашкахь дерг хаа гIерташ санна ира хьажар долуш стаг вара иза. Салам-маршалла хаьттинчул тIаьхьа, охьахевшира. Вист ца хуьлуш гIеххьа Iийра, вовшашкахь хIун доллу хьоьжуш санна. Тийналла йохийра Ахьмад-Хьаьжас: «Суна хьох дерг дуккха а хаьа. Суна вийцина хьо. Хаьа хьо комсомолан, партин белхашкахь, НГIАССР-н а, Нохчийн Республикин а Правительствон структурашкахь хилла хилар. Доккха зеделларг ду хьан. Республикин патриот ву хьо, дийцарехь, Iаламат дика вовшахтохархо а, аппаратчик а ву…». Тхойшиннан къамел хилира республикин, цуьнан проблемийн, таронийн хьокъехь. Керлачу тхьамдин озехь хаалора нохчийн халкъах дог лазар, дукха сагатдар, оццу хенахь нохчийн халкъан хиндолчух ондда тешна хилар.

1355402581_068254_50

Цуьнца къамел деш, цунна юххехь хан алсам мел йоккху а оцу стеган хьокъехь йолу сан шеконаш дIайовлура, со цец а вуьйлуш, сан ойла цуьнгахьа лестира. Сих а ца луш, хIора дош леррина ойла ярца олуш, къамел дора цо. Республикина куьйгалле хIотта цо бина сацам нийса хиларх тешар чIагIдаларо сан иэсера дIадойъура Россин а, республикин а СМИ-шкахь кхоьллина долу цуьнан васт.

Суна гуш верг кхин стаг вара. Шен халкъан кхолламна саготта, цуьнгахь болу бала, гIайгIа дIаяккха лууш, цуьнан кхоллам ирсе хуьлийла лууш стаг вара гуш верг. Суна гуш вара дуккха а баланаш, халонаш лайна, цундела хIара харжам бина волу стаг. Тхан къамел чекхдолуш цо элира: «Суна ца лаьа хIора 50 шо мел дели вай юх-юха а хIаллакдойла. Суна тахана бакъдолу, тIех тешаме бIанакъостий а, шайн гIуллакхан говзанчаш а оьшу, сайца ойла, хьежамаш богIуш болу, соьца цхьаьна Нохчийчуьра тIом сацорехьа, нохчийн халкъан, тIемаш а доцуш, ирсечу дахарехьа къийсам дIахьур болу». ТIаккха со кхийтира цунна тIаьхьа хIоьттина со мичча а ваха кийча хиларх.

2000-чу шеран 13-чу сентябрехь Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхочун Аппаратан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин №131 йолчу Указца со Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхочун заместитель – Администрацин Аппаратан куьйгалхочун дарже хIоттийра. Республикин Куьйгалхочун резиденци хIетахь Гуьмсехь яра. Иза зингатийн йохийначу туьйлигах тера яра. Ерриге а администрацехь йиъ компьютер бен яцара. Царах а шиъ бен болх беш яцара. Кабинеташкахь шина стагана цхьа гIант бен ца кхочура (дика дара белхахой районашка дIасалелаш хилла, иштта ца хиллехь-м охьахаа меттиг а хилла хир яцара).

Болх кIеззиг долчунна тIера, низамна, схьакхаьчначу хIора кехатна регистраци ярна, иза хьесапе эцарна, бинчу белхан хьесапдарна, Iедалан районийн а, меттигерчу а органашца юххера цхьаьна гIуллакхдар лартIе далорна, Республикин Куьйгалхочун тIедахкарш кхочушдар талларна, белхахой Iаморна тIера дIадолийра оха. Уггаре а коьртаниг – оха дIадолийра адамийн уггаре а чIогIа сагатдеш, садууш, долу гIуллакхаш кхочушдар. Нохчийчоьнан яртийн а, гIаланийн а уггаре а коьрта лазам «зачисткаш» яр бара. Нохчийчохь кIезиг бу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас «зачисткаш» ярх СемаIашка, Iалхан-Юрт, Цоци-Эвла, кхин а иттаннаш ярташ кIелхьара яьхна хилар хууш. Къилбаседа Кавказехь Цхьаьнатоьхначу эскарийн группировкин кхеташонашкахь, Ахьмад-Хьаьжас, цуьрриг а озавалар доцуш, эвххьаза дIахьедора ша маьрша нах, нохчийн халкъ цхьаьнгга а хьийзадойтург цахилар. Цо инарлаш чехабора. Цара ша бохург ца дича, гIуллакх Россин Президенте доккхура цо. Инарлашка мостагIийн махкахь санна ма лела, Россин Федерацин цхьана субъектехь санна лела олура цо. Уьш ша бохучунна тIе а балабора.

Дагалацийша, мел дукха «зачистакаш» хуьлура вайн ярташкахь иза республикин куьйгалле хIоттале хьалха. Мел дукха кегий нах, ур-аттал мехкарий а тIепаза бовра вайн, «зачисткаш» йинчул тIаьхьа. Йоккха башхалла яра. «Со тIом сацон веана вац, гуттаренна а иза дIабаккха веана ву», – олура Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Шен и дешнаш дечу гIуллакхашца тIечIагIдеш а вара иза. ТIеттIа лахлуш дара теракташ, тIемаш бар. Иттаннаш бIеннаш боевикаш, Ахьмад-Хьаьжин кхайкхамах а тешна, хьаннашкара арабевлла, лаьмнашкара охьабиссина, цунна юххе дIахIиттира. Иза хIора дийнан болх бара.

Цо кест-кеста цхьаьнакхетарш дIахьора могIарерчу бахархошца Iилманчашца, яздархошца, художникашца, дешаран, культурин, могашалла Iалашъяран, спортан, промышленностан, агропромышленни комплексан белхахошца. ХIора кIиранах кхеташонаш йора министерствийн, ведомствийн, администрацийн куьйгалхошца. Цул совнаха, федеральни ницкъаша буьйсанна маьршачу нахана, ярташна герзаш деттаран, ярташна гуонаха минаш-растяжкаш хIитторан, и бахьанехь маьрша нах, цу юкъахь бераш леш, чевнаш хуьлуш хиларан хьокъехь яртийн дайша а, маьршачу наха а яздина дукха аьрзнаш, дехарш хьесапе а эцна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Къилба федеральни округе а, Москва а орца а даьккхина, Ханкалахь хевшина Iаш болчу инарлашна тIедожийра ша дIахьош йолчу кхеташонашкахь дакъалацар. ДагадогIу, цкъа цхьана кхеташонехь республикин Администрацин Куьйгалхочуьнга арз дира цхьана блок-постехь хIора машенна тIера, дIасавохуьйтург ахчанаш доху аьлла. Ахьмад-Хьаьжас инарлашка дийхира, шайна тIера барзакъ а хийций, иза бакъ ду-дац хьажа оцу блок-постехь таллам дIабахьар.

Нохчийн Республикин комендант инарла Бабичев Иван цул тIаьхьа вайн регионан некъашкахула чекхвелира. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас аьлларг бакъ карийра цунна. ТIаккха цу декъехь долу кхачамбацарш дIадахарна тIехьовсийна гIуллакхаш дира.

Ахьмад-Хьаьжин тидам тIе ца боьдуш цхьа а хIума диса йиш яцара, хуьлийла иза хIора дийнан болх вовшахтохар, къаношца цхьаьнакхетарш дIадахьар. Къаьсттина цуьнан сагатдора къоначарна бан болх, дан гIуллакх цахиларо. Цкъа цхьаьна хиъна Iаш вара тхойшиъ, юххехь кхин стаг а воцуш. Тхойшиннан къамел хьакхаделира Нохчийчоьнан хиндолчух, шел хьалха хиллачарна балхахь зеделлачух. Уггаре а хьалха могашалла Iалашъяр, дешар, культура, спорт кхион езаш хиларна тIехь ойла сецира тхан. Юха, тIом чекхбаьллачул тIаьхьа Япони меттахIотторан зеделлачух пайда а оьцуш, кегийрхой дешарна тIеберзо беза, Нохчийчу тоьлла технологеш яло еза, хIора юьртахь, гIалахь радио-электронни промышленностана оьшу меженаш, коьчалш еш йолу кегий цехаш яхка еза, аьлла тешна вара тхойшиъ.

Промышленни а, юьртан бахаман а предприятеш яцара. Болх бан меттиг яцара. ХIетте а, халчу балица иттаннаш блок-постех дехьа-сехьа а буьйлуш, шайн дахар кхерамна кIел а туьйсуш, къонанаш дешаран лакхарчу заведенешка лелара. Ах йохийна, мегарг кор-неI доцуш, чучча мох хьоькхуш, шийла яра аудитореш. Амма кегийрхой, къар ца луш, дешарна тIебирзира.

ДIаболийра меттахIитторан белхаш. МеттахIитто а, ян а йолийра лаккхарчу дешаран заведенийн, школийн, больницийн, поликлиникийн, спортан гIишлош. Вовшахтоха йолийра боксан, охьатохарх латаран, спортан кхечу кепийн клубаш. Оцу чолхечу муьрехь дIадоладелира футболан «Терек» клуб когахIоттор. Цу хенахь дукхах берш ца кхетара: республика хьакхлагIашкахь Iуьллуш ю, боьдуш тIом бу, цу юккъехула спортана оццул боккха тидам бу тIебохуьйтуш, бохуш. Шеца ойла йогIуш волу, спортана тешаме волу стаг – Алханов Хьайдар карийра Ахьмад-Хьаьжина. Цу шимма кхочушбира дуккханнийн а сатийсам: «Премьер-лиге хьалаелира «Терек». Ткъа 2004-чу шарахь цо Россин Кубок яьккхира. Дукхах болу боксераш, охьатохарх латархой Россин а, Европин а, Дуьненан а чемпионаш хилира.

Оцу халчу муьрехь а шен болх ца сацийнера пачхьалкхан «Вайнах» ансамбло. МеттахIиттош дара Нажи-Юьртара, Гуьмсера Культурин цIенош, Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн театран, театрально-концертни залан гIишлош. Ахьмад-Хьаьжас министрашца дехха дийцаре дора дешаран, могашалла Iалашъяран, культуран хьашташ. Цуьнан тIаьхье вайна тахана бIаьрла гуш ю. И дакъош, уггаре а хьалха, Ахьмад-Хьаьжа а, цул тIаьхьа цуьнан кIант Рамзан а бахьанехь цкъа а ца кхаьчначу лакхенашка кхаьчна, кхидIа а сиха кхуьуш а ду. Ткъа тоьлла технологеш, электронни промышленностан предприятеш, лаккхара корматалла йолу говзанчаш – кестта хиндерг ду. Ахьмад-Хьаьжин и сатийсам а кхочушбийр бу Рамзана. Цуьнан шеко яц.

…Ахьмад-Хьаьжин мокъа хан йоций а хууш, цо бахархой тIеэцаран денош вовшахтоха хьаьвсира тхо. Амма цунах гIуллакх-м ца хилира. Iуьйранна хьалххе, иза балха схьа а кхачале, цуьнга хьоьжуш адамийн тобанаш хуьлура. Ткъа цуьнан гIарол а тIехь, адамаш цунна тIе ца кхачийта гIертар, эрна хуьлура. Машен чуьра араволлушехь иза царна тIевоьдура. «Массо а тIеоьцур ву» олура, ткъа тхоьга: «РоггIана чубахкийта», – олура. Цо цаьрца къамелаш дора. Суьйранна цо тхуна иттаннаш тIедахкарш дора. Уьш сихха кхочушдан дезаш хуьлура.

Иза-м цIахь а вуьтуш ца хиллера садаIа. Цуьнан неIарш даима а схьайиллина яра гIо оьшуш, шен бала-гIайгIа ялхо веанчунна муьлххачунна а. Ишттачу цхьана къамелехь адамаша Кадыров Ахьмад-Хьаьжига аьлла хиллера: «Гуьмсе дIасалела хала ду, хьо Соьлжа-ГIалахь велахьара, иза республики юккъехь яра, дIасалела иштта хала а хир дацара, хьуна тIекхача а атта хир дара». Ахьмад-Хьаьжас царна оцу минотехь жоп делира: «Кхана хIара сан гIоьнча Соьлжа-ГIала гIур ву, тIаккха, тхо а герггарчу хенахь Нохчийчоьнан пачхьене дIагIур ду». Цо тIечIагIдира: «Нохчийн Республикин пачхьене – Соьлжа-ГIала».

Цу тайппана чIагIдар ларамаза а дацара, доккха маьIна долуш а дара. ХIунда аьлча шуьйрачу хаамийн дукхах болчу гIирсашкахь а, республикехь а, мехкан пачхьенехь а дуьйцуш дара «Соьлжа-ГIала меттахIоттор яц, пачхьенна кхин меттиг харжа еза», – бохуш. Оцу ойланехь вара Нохчийчохь дIахьош болчу меттахIитторан белхашна жоьпалле волу Россин Федерацин вице-премьер Кошман Николай а.

Дениев Хасмохьмад, Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхочун заместитель – Нохчийн Республикин Администрацин Аппаратан куьйгалхо

(Чаккхе хир ю)

№ 65, п1ераска, 12 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: