Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин Аллей» мемориалан комплексехь оьрсийн суьрташдахкархочун Коваленко Иринин «Маьлхан тай» суьртийн гайтам хилира.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 70 шо кхачар даздаран гурашкахь дIахьош бара гайтам.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан депутат Элимбаев Iалихан, Россин Суьрташдахкархойн союзан декъашхо, Нохчийчоьнан хьакъволу суьрташдахкархо, ГIалгIайн Республикин халкъан суьрташдахкархо Закриев Мохьмад, Соьлжа-ГIалин хьехархойн колледжан студенташ, Берийн-кхиазхойн техникин кхоллараллин станцин дешархой, юкъараллин декъашхой, исбаьхьаллин искусство езарш а, суьрташдахкархой а.
– ХIора а суьрташдахкархочун шен хатI ду суьрташ дахкарехь. Вай долчу еанчу хьешан, Иринин исбаьхьаллин говзаршна тIехь гуш ду цунна сирла, маьрша, ирсе дахар дезаш хилар, иза хIораннан хила лаар а. Коваленкон суьрташ цхьа шатайпа исбаьхьалла йолуш ду, синтем луш, догдохдеш, ирсе веш, – элира Элимбаев Iалихана.
Суьрташдахкархочух а, цуьнан кхоллараллех а лаьцна дуккха а хаза дешнаш элира гайтамехь дакъалоцуш хиллачу нохчийн суьрташдахкархоша.
Ламасте дирзина ма-хиллара, цIен аса а хадош, схьабиллира гайтам. 80 гергга сурт дара хьовсархойн кхиэле диллинарг.
Шен исбаьхьачу суьрташкахь Iаламан хазалла яра цо йовзуьйтуш ерг.
Гайтамна «Маьлхан тай» цIе тилларан бахьана хаалора цаьрга хьаьжча.
Коваленко Иринас даггара баркалла элира шен ларам барна а, шен гайтамехь дакъалацарна а.
ВЕГИЕВА Макка
№54, мангалан (июль) беттан 17-гIа де