Россин Президентан а, Правительствон а тӀедахкаршца а догӀуш, хӀусамаш эцарехь бахархошна пачхьалкхан тӀегӀанехь гӀо-накъосталла дар дӀахьо махкахь, шен могӀарехь «ДОМ.РФ» операторан ипотекин программаш а, тайп-тайпанчу субъекташкара гӀоьналлин программаш а йолуш.
Цул сов, лакхахь хьахийначу «ДОМ.РФ»-с, таллам а беш, схьагулбина Россин субъекташа хӀусамаш эцарехь а, хьелаш тодарехь а бахархошна гӀо-накъосталла даран программаш кхочушъярца боьзна хаамаш.
Оцу хаамийн буха тӀехь онлайн-каталог хӀоттийна — Россин 73 субъектехь кхочушъечу программех а, царна юккъехь дакъалацарх а, дакъалацархошка болчу лехамех а дуьйцу цо.
Регионийн гӀоьналлийн каталог акционерийн «ДОМ.РФ» юкъараллин Консультацийн туьшан сервиса тӀехь зорбатоьхна ю.