Субъекташкахь хиш тӀедийларан а, цӀераш йийларан а хьокъехь а, иштта, церан тӀаьхьалонаш дӀаяхарна а лерина, видеоконференцин рожехь а йолуш, Магнитогорскехь кхеташо дӀаяьхьна Россин Президента Путин Владимира.
Цул сов, цӀераш йийларо Ӏаткъам бинчу кӀошташка а хьаьжна иза беркеманца.
Ӏаламан катаклизмашца къийсам латторехь дакъалоцучу гӀоьнчашна баркалла а аьлла Россин Президента.
Нохчийчохь, Делан къинхетамца, юьйлуш а, яьржаш а яц цӀераш. Делахь а, оцу бохамах бахархой а, церан хӀусамаш а ларъян кийча ду мехкан Ӏедал.
«ХӀора а шарахь НР-н Правительствос тӀеоьцучу комплексан планаца беш болх бу иза. Цуьнца догӀуш ду хьаннашкара хьал сих-сиха таллар — цо аьтто бо цӀе ца ялийта а, яьлларг сихонца дӀайайъа а», — билгалдаьккхина МЧС-н НР-ла йолчу Коьртачу урхаллин пресс-службин хьаькама Тайсумов Тимура.