2000-чу шеран аьхкенан юьххьехь дара иза. Аьтта тIекIалтесна Соьлжа-ГIала а, мохк а мел бу хоьхку тIеман техника а, денна дIакхоьхьу адамаш а, царна тIаьхьа боьлху нохчийн наной а, цхьана а меттехь болх беш йоцу школа я дешаран цхьа заведени а, я республикехь арадолуш доцу цхьа а вайн маттахь газет, журнал…
Со хIокху махкара я ерриг а Россера дIаваха воллуш вара. ДIаваха, я стенга а, мича, муха а ца хууш. Некъаш хIораммо а тайп-тайпана дуьйцура, юха дозанал дехьа волуш ала дезарг а, дан дезарг а хьоьхуш. Шен цIахь а болуш шен цIера баьллачу я шен Даймахкахь хIора а нохчичуьнга шен Даймохк лоьхуьйту шераш дара уьш. Я цхьана хьан цIийнах а, юьртах а, я цхьана а вайн нохчийн юьртара хила йиш а йоцчу, Делан а, къоман а мостагIаша хьан Нохчийчоь хьуна хьарам а еш, кхидолчу массо а къомана хьанал а еш, хьан лачкъийна шераш. Хьан дерриг а къам хIокху дуьненан массо а къомо сийсазден, хIора а хаамийн гIирсо хIора а денна, сарралц, шен хIун бехк бу а ца хуу нохчийн къам сийсаз а ден денош, беттанаш, шераш.
Легашкахь цхьа беса шад лаьттара, юха коьртехь тIаьхьарчу шерашкахь мел гинарг, мел лайнарг, кху мискачу, шен къинхетамах дIовш даьлла, яла йоьжначу Нохчийчоьнан лаьтта йийшина, ченашлахь Iохку гIаланаш, хIусамаш а…
Дега аьллера, нана яцара… Деда вара. Цуьнан бIаьрдуьхьал хIоттар дара уггар а халаниг. Цуьнан къамел гуттар а цхьана генара хуьлура. И деден генара къамел а, хьехарш а дукха генара дара, итт шарера, хIора денна, школера воллушехь, Маьрша Нохчийчоь ян араваьлла хиллачу хьан сирлачу, беран сатийсамашка лан а ца луш, амма дуьхьал хIума ала йиш а йоцуш, хьо ца тешна, хьуна теша ца лиъна долу бакъдерг дара тховса суьйранна а ладогIа дезаш. Амма тховса къарваларан, хьуо хьайн эшоран, хьуо кIелвисаран, ницкъ кхачоран иэхьал а деза дара тховса дедега ала дезар а, юха цуо хьуна лун долу жоп а…
– Дада, со дIаваха воллу, – элира ас, рагIу кIеларчу дечиган маьнги тIехь маьркIажан ламаз дIадерзош воллуш хиллачу деден уллехь и валлалц собар деш а Iийна.
– КIордийна суна дерриг а. ХIара хIинца Нохчийчоь яц, хIара кхин хир яц Нохчийчоь.
– Ас деса къурдаш сецадора легашкахь. Дада вист ца хуьлура. Иза уггар а халаниг дара. Цуо дош цааларо дуккха а дуьйцура. Цуьнан цу иштта хуьлуш йолчу тийналло Iадавора цкъацкъа.
– Стенга ваха воллу хьо? – хаьттира, эххар а.
– Амма сан дала жоп дацара. И хаттар ас тIаьхьарчу деношкахь сих-сиха айса сайга а луш, амма жоп доцу хаттар а, и дадин вист а ца хуьлуш, хIинца долу ладегIар санна.
– Ца хаьа, цкъачунна ца хаьа суна суо стенга гIур ву. Кху махкара массо а дIавоьдуш ву, вайн мохк бохийна, белхаш бац, дахар а меллалц хир ду хууш цхьа а вац… – сайн дегош долу аз ца гайта гIерташ къийлавелла со, кхин вист а ца хилалуш висира.
Дедас юха а ладоьгIура, схьа ца хьожура, пена тIе бIаьргаш а догIийна Iаш волчу дадас, – кхана дуьйцур ду вайшимма, – элира эххар а.
Сан къамел кхачийра. Я суна схьахаийтира и хабар цу суьйранна кхидIа хила оьшуш доций. Юха аьхкенан буьйса Iаьржа яра. Ток а яцара. Сахила гена дара, я чохь буьйса яккха а дацара маьрша…
Цхьанхьа ваха везара буьйса яккха я, нахана а ца лаьара хьо шайга вогIийла, хIора а вара сингаттамехь…
– Хьада дIавало, дIавала, ахь а, хьо санна мел леллачо а лехнарг ду шуна карийнарг. Хьан боьхкина хьан мохк, хьан аьтта хьан мохк, хьо а, хьо саннарг а хьан ца вуьтура ваха…, – къамел кхидIа ца хилира. Дада шен чу вахара. МаьркIажан бода а къовлабелира…
Де буьйсанал а маьрша дара. Ас дечу къамелана ша реза вацахь а, амма и шен резавацар лачкъийна, сайна бакъо дадас лург хиларх тешна волу со, шолгIачу дийнахь сарралц сайн цхьацца кечамаш беш а лийлира. Суьйранна керта вогIучу соьга чу кхайкхира дадас.
– ЦIавеан хьо, – Дада, шен хIусамашна хьалхарчу сенин кораца долчу оганца биначу дечиган маьнги тIехь Iара.
– Веа, – элира ас. Цхьацца кечамаш беш вара со. Кхузахь кхин машаре дахар хир ду бохучух тешаш вац со, Дада. Вайн мохк аьтта, гIаланаш йохийна, адамаш денна дIадуьгуш, хIаллакдеш, тIепаза довш ду.
– Машаре дахар дича бен ца хуьлу, – юха а ойланашка велира Дада. – Ахь ца дира машаре дахар, аш ца дира, хIинца мел хан ю хьан, кестта 28 шо кхочур ду. Къанвелла стаг ву хьо. Ахь маса синтар доьгIна? Маса хIусам йоьгIна? Къа ца хьегча ца хуьлу хIумма а. – Ас ладоьгIура.
– Хьо ца оьшу цхьанхьа а ваха, – доккха са доккхуш санна тIетуьйхира дедас, – Хьуна ваха лаахь, хьуна хIокху махкахь дика хила лаахь, къахьега, цхьанхьа а ма гIо. ХIинца, тахана кху махкахь керла куьйгалхо хIоттийна хьуна, кху махкахь кху мехкан куьйгалхо хIинца вайн къоман стаг ву, къонаха ву, дикачу буха тIера ву, суна церан баккхийнаш бевзара.
– Мила хIоттийна? Муха хIоттийна вайнехан стаг? Кхуза муха хIоттаво нохчи?, – Со цецвелира. Тахана вайна хIуъа хетахь а, и шераш цхьаболчарна мел диц деллехь а, хьал девзаш хиллачунна, и суьрташ гиначунна теша хала хIума дара Дадас дуьйцург.
– ХIун «цара?» Цара муьлш бу? Цара ца хIоттийна, Дала хIоттийна, Дала хIоттавайтина цаьрга. Вайн къомах бина боккха къинхетам бу иза. Хастам бу Далла, Дала юха а къинхетам би вайх, вай мухха хиллехь а, вай вовшашца хIуъа лелийнехь а. Тахана дуьйна кху махкахь Куьйгалхо Ахьмад-Хьаьжа ву, хьуна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
– Дадин бIаьргаш тIунделлера. Со вист ца хуьлура, я вист а ца хилалора, цу дуккха а хIуманаш шен дахарехь гиначу стеган ладегIар гуш, цунна хIун гина, цо хIун лайна, стенгахула чекх вийлина хууш.
– Баккъал а бах ахь, Дада? – эххар а хаьттира ас. И сайн хаттар нийса доцийла хуъушехь. – Дада, вайн муфти ма ву ахь вуьйцург, вуй?
– Ву. ХIинцца цхьа сахьт хьалха радиочухула ладуьйгIира ас. Ахьмад-Хьаьжас къамел а дира. Къонахчун къамел а дира. Кху Нохчийн махкахь цхьа а зуламхо вац я талорхо а вац, цхьана а нохчичун бехк бац бохуш, дукха чIогIа дика къамел а дира цо. Дела реза хуьлда цунна.
Суна Ахьмад-Хьаьжа вевзара. Цуьнан кхетам а, къонахалла а евзара. Хьалхара тIом дIабаьлла, нохчийн маьрша пачхьалкх ян арабевлларш шайн даржаш ца декъалуш, барт а боьхна, тIамо гIелдина къам массо а агIор дIасаийзош, хьийзон боьлча, дуьххьара уллера вевзира суна Ахьмад-Хьаьжа.
Юха Ичкерин президент хIоттийна волу Масхадов шена халкъо белла тешам цхьана обаргашна, талорхошна дIа а боьхкина, цу зуламхойн боьхачу гIуллакхех шен къам лардан ницкъ боцуш висича, шолгIа кхин а дика вевзира.
Цул тIаьхьа, цхьа шайтIанаш ерриг а вайн Нохчийчохь цкъа а нохчийн ца хилла гIиллакхаш даржон дагахь, къомаца эвхьазабевлча, тIаккха Ахьмад-Хьаьжас цаьрга а, я вукхаьрга а, я цхьангга а ша шен къам хьийзадойтург цахилар дIахоуьйтуш, цу хенахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «ВАСТ» газетана интервью а елира. Суна дерриг а дагаоьхура оцу мIаьргонехь. Дерриг а карладуьйлура.
– … Хьоьгара цхьаммо а хIумма а схьа ца даьккхина, хьуна мацах и дерриг а диначо, хьо гена вала воьлча, ша делларг хьоьгара схьадаьккхина. Тахана ахь де хьайна. Хьайн гIаланаш юха е, хьайн мотт, хьайн гIиллакхаш юха кхиаде, ярташ меттахIиттае, айхьа юьйцуш йолу школаш болх бан юьйлаялийта. Тахана Дала Шен къинхетам бина вайн къомах юха а. Вайн махкана дика къонаха, бусалба куьйгалхо велла, цунна гонаха дIахIитта дерриге а, цхьаъ хила, шен доьналла доцург дIагIо, вада, амма кхана, суна, я кху махкана бIаьрга дуьхьал кхин ма вола… – со суо сайга, цхьацца дагалоьцуш, ладоьгIуш вара, юкъ-кара деден хьехарш, къамел а дара схьахезаш.
– Дада, со ца воьду, цхьанхьа а, – элира ас, со хьалагIаьттина. Цу чуьра араволуш, – Ца воьду со цхьанхьа а, цIахь Iийр ву со. Со сайн дуьххьарлерчу корматаллица хьехархо ма ву, школе балха гIур ву кхана.
И дерриг а кхана дара. Ткъа тахана сан Нохчийчоь кхин яра. Со кхин цхьанхьа а ваха дагахь вацара. Ас юх-юха а (Дала иза декъалвойла), тIом болабалале Ахьмад-Хьаьжин парламентехь хилла дIахьедарш а, цуо кху къоман кхоллам шолгIа а кху тIама кIела ца кхоссийта гIерташ, мел дина гIуллакхаш а, массаьрга биттина мохь а дагалоьцура.
Цхьана а нанна ца лаьа шен кIант хIаллакьхила, цхьана а дена шен доьзалхочун кхоллам шен а, шен ворхIе а ден санна, къийсамехь, Iовжамехь, гуш боцчу, банне а боцчу бехкехь, хила ца лаьа. Къонанаш шайн догцIеналло, Даймохк безаро Iехийнехь а, амма царна хьалха бевлларш шайн Iаьржа, ямарт ойланаш а йолуш, кху къоманна зулам дан арабевлла бу. Дала мукъ лахь, и зулам бахьанехь вайн къоман кхоллам кхин а дакъаза ца балийта, ас сайга далург а, цадалург а дийр ду. Нохчийн къам цхьанна а мостагI цкъа а ца хилла, мелхо а, Россин а, кхечу пачхьалкхийн а уггар а лаккхарчу тIегIанехь, хIораннан а боккхачу тешамца, безамца чекхваьлла ву массо а вайн къоман векал…» – «Васт» газетана интервью дIаязъеш, цу хенахь сан хилла белхахо а йолуш, и шен сирла ойланаш иштта йовзийтира суна 1998-чу шеран гуьйранна Кадыров Ахьмад-Хьаьжас.
Ас уьш дерриге а цу суьйранна дагалоьцура. Амма дагалоьцуш Iан а яцара йиш. Со, тахханалц буьйсанна чохь буьйса яккха йиш а йоцуш, хилла волу шолгIачу дийнахь Шелара Гуьмсе вахара, некъан хIора гола тухучохь дIахIоттийна йолчу салтийн посташкахь хаьттинчуьнга, Гуьмсе, правительстве воьдуш ву, сайга хIун накъосталла царна далур дара, хьажа, бохуш, хIора салти кхето а гIерташ..
…Зама дIайоьду. Хенан хIора мIаьргоно диканиг а, вониг а хьан лар а хуьлий, тIаьхьа хIоьттина, IиндагI санна, хьоьца а дуьсуьйтуш. Тахана, Дала иза декъалвойла, Ахьмад-Хьаьжин лар, цуьнан сирла ойланаш, шен къомах, къоман кхолламах цу хенахь дуьйна лозуш хилла дог, цуьнан мел хилла, Везачу Дела доIа, сирлачу сибате даьлла деха тахана. Дала жоп делира Ахьмад-Хьаьжин доIанашна. Везачу Дала, Ахьмад-Хьаьжех кху дерриг а къоманна беркат а дина, хIара вайн Нохчийчоь юха елира. Ткъа хьалхуо ас ма-аллара, шен цIахь йоллушехь цIера яьккхина, махках, даймахках яьккхина, бIаьрзйина хьийзош хилла йолу вайн Нохчийчоь юха цIаерзийра.
Россин хилла ца Iаш, дуьненан массо а бохург санна, хаамийн гIирсаш а цхьана бара, вайн къам машаречу хорша дирзина, шен Iедал а долуш, конституции а йолуш, дуьненан кхин мехкаш санна дIахIоттар лан аьтто боцуш, арадаьлла, питанаш лелош. Амма Ахьмад-Хьаьжин шен къоме а, кху вайн ерриг Нохчийчоьне, кхуьнан машаречу кхолламе болу безам чIогIа бара цу берриг а къизачу ницкъал а.
«Вайн махкахь конституци тIеоьцуш референдум а хир ю, адамашна машаре даха а лаьа, дерриг а кхидолчу къаьмнашца гергарлонаш лелон а лаьа, нохчийн къомана тIом барал а дика хаьа гергарлонаш лелон…», – бохуш, цо дуьнене бетташ болу мохь ца хазийта ца лелош хIума дацара цхьана Iаьржачу ницкъаша.
Амма церан вайн Нохчийчоьне болчу цабезамал а Ахьмад-Хьаьжин вайн махках, шен къомах лозуш долу дог туьйлира. Вайн республикин Конституци кечъеш, Дала гечдойла, Ахьмад-Хьаьжас цу тIера хIора дош, хIора могIа мел лерина боьшура, хIора агIонан чулацам мел лерина толлура а дагадогIу суна. Иза воккхавера кху мехкан цу коьртачу тоьшаллах.
«ХIара вайн къоман, вайн Даймехкан коьрта тоьшаллин кехат ду. Вайн къам кху лаьттахь долуш хиларан, массо а хенахь хила дезаш хиларан коьрта билгало ю. Цундела леррина хила а деза, кху тIехь вайн къоман мотт, меттан йоза хьалха хила а деза…», – элира Ахьмад-Хьаьжас цу юкъана ша «Даймохк» газетана елла хилла интервью дIаязъечу хенахь. Иза доккха хIума дара хIора а нохчичунна.
Иза хIора а нохчичунна доккха деза де дара. Къам балех даларан де дара иза. Къоман цхьа а бехк цахиларх дерриг а дуьне теша доладаларан хьалхара гIулч яра. И гIулч, Дала декъалвойла, Ахьмад-Хаьжас яккха а яьккхира…
…Нохчийн къомана беркатечу дахаран бух биллина шо чекхдолуш, тIедогIуш долчу 2004-чу шарца нохчийн къам декъалдеш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас «Даймохк» газете керлачу шарца вайн бахархой декъалбар даийтира.
Газет кху махкахь цу хенахь зорбатухуш цахиларна, сихха кечдина, газетан хьалхарчу агIонна тIе а диллина, суьйранна комендатски сахьт доладалале кху махкара арадаккха дезаш хиларх кхеташ сихха чувеана со, и кехат а карахь, цхьа тамашийна дегI кIад а делла, гIанта охьахиира.
Юха, ца хуьлуш ойла а ца йисира, сайна мел гина бохамаш а, отуш гина гIаланаш, йохош гина хIусамаш, лелхаш гина бомбанаш а, дайъина бераш, зударий… дерриг а коьртехула чекхделира сан цу мIаьргонехь.
Юха воккхаверан, дуьххьара, цу масийтта шарахь, со нохчи ву аьлла, Дала кху дуьненчу ваккхарх дозалла гIаьттира сан. И декъалдар, вайн Нохчийн халкъ тIедогIучу керлачу шарца декъалдар, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин нохчийн маттахь яздина дара.
Школера ваьлчахьана цу газетехь болх беш Iийначу сан дахарехь суна дуьххьара гина хIума дара иза. Иза суна тамашийна хIума дара, я цхьа шатайпа, сан коьрта чу ца ваьлча цхьа а кхетар а воцу шатайпа дозалла, шатайпа ирс я цхьа лакхе яра.
Хьалхуо, Нохчийчохь цхьана а къомах я пачхьалкхех йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхийначу хенахь церан хIора а нохчийн пачхьалкхан «президентан» декъалдар оьрсийн маттахь долчу газеташа ша ма-дарра тIедуьллуш дара, ткъа нохчийн маттахь арадолуш долчу газето Нохчийн пачхьалкхехь оьрсийн маттахь яздинчара нохчийн матте даккха дезаш дара. Ткъа тахана ша хила ма-деззара дIахIоьттинера, я ас гуттар а са ма тиссара…
Дала цуьнан гIазот къобалдойла, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, шатайпа амал хиларал сов, нохчийн къонахалла йолуш, ойла яр, дуьнене хьежар, деш долу гIуллакх, баккъал а, нохчичун долуш, я ма-дарра аьлча, ойла а хила ма еззара, бусалба, нохчо йолуш къонаха вара. И бахьана долуш, Везачу Дала цунна хIара вайн нохчийн къам дуьнен чуьра гуттаренна а дIадаларан зила тIера дIадаккха доьналла, кхетам белира, цуьнан цу дезачу, сийлахьчу доIанашна жоп делла, хIара къам цу балех хьалха а даьккхира…
Дуккха а шераш девлла цул тIаьхьа. Зама дукха сиха дIайоьду. Дукха хIума дIадолу дуьнен чуьра, дуккха а керланиг дахаре доьрзий, ша гуттар а хилла долуш санна, даха а деха. Амма цхьаъ ду дахарера цкъа а дIа ца долуш, заманан шен куьзганара дIадайа йиш йоцург – иза кху дахаран бакъ дерг ду. Иза цхьана стага шен мехкан, шен къоман, къоман сирлачу кханенан дуьхьа дIаделла дахар ду.
Иза гуттаренна а диса а дуьсу дахарехь, иза гуттаренна а цхьа боккха лам а, адаман дахаран сатосу седа хуьлий, серлонца лепа а лепа. Иза вайн къоман, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сирла даьгна, вайн къоман ирсана даьгна, цу къонахчу стага вайн Нохчийчоьнан беркатечу кханенна дIаделла дахар ду. Я ма-дарра аьлча, охьадиллина, вайна масаллина охьадиллина, дахар ду.
Вайн халкъ маьрша, ирсе, зовкхе дахийта, шех махкана тIера сагIа дина, бакъдуьнена дIавахана иза. ДIавахана, гуттаренна а халкъан даг чохь, иэсехь виса. Ахьмад-Хьаьжа санна болу къонахий цкъа а леш бац. Уьш халкъан иллешкахь, назманашкахь, кхоллараллехь беха. Ишттачу къонахех долу бакъ дош тIаьхьенаша тIаьхьенашка дIа а кхийдош, дуьне мел деха, деха.
ТIаьхьенан дегнашкахь халкъан турпалхо хилла вехар ву, вехаш ву хIара дуьне мел лаьтта ваха хьакъ а ву ша кху къомана мел динчу дикачу гIуллакхашца, шен комаьршачу гIиллакхашца, махке хиллачу безамца, баккъал а хиллачу нохчаллица, цIена нохчичуьнгахь бен хила йиш йоцуш, шегахь кху дуьненал а йоккха хиллачу къонахаллица Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
Со тешна ву, Ахьмад-Хьаьжин доьналлах, къонахаллах, гIиллакхех кхин а дуккха а белхаш вайн яздархоша, поэташа, Iилманчаша язбийриг хиларх, ткъа уьш, цхьа а чаккхе йоцуш язбан, болуш хиларан вайн цхьана а нохчичун шек а хир яц.
Дала декъалвойла хьо, Ахьмад-Хьаьжа, Дала къобалдойла хьан гIазот. Хьан дуккха а дисира даза диканаш, цхьана Делан а, кху вайн къоман а мостагIаша тешнабехкаца хадийра хьан дахар. Амма шена тIаьхьа шен синах са кхуьуш, цIийх цIий кхуьуш буха вуьсуш кIант а волуш, дIавалар, иза дIавалар а дац, олуш ду вайн.
Тахана, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана дийнахь а, буьйсанна а кхочушдеш схьадохьуш ду ахь мел долийна хилла гIуллакх, тахана кхочушйина, Нохчийчоьнна схьалуш ю хьан мел хилла цIена ойла, сирла нийят, хьан мел долу, ахь Далла мел дина доIа, цунна хьан сирлачу доIанашна жоп луш, вайн мехкан Куьйгалхочун доьналло, хьекъало, цунна даггара къам, мохк дезаро, туьйра санна дIахIоттийна вайн Нохчийчоь.
ХIора лам, хIора ломан юрт, хIора кIошт, хIора гIала аьнгалин гIаланашца стигала кхийда вайн Нохчийчохь. Нохчийчоь ехаш ю хьан доIанашца, хьан сатийсамашца.
Хьан сийлахь цIе, кху нохчийн къоман хIора а бакъволчу къонахчун сирла цIе, кху ерриг а Нохчийчоьнна ахь тиллина йолу машаран цIе дуьне мел лаьтта латтийта, и цIе яхийта дийнахь а, буьйсанна а къахьоьгуш вайн мехкан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а ву.
Р.Абдулмуслимов