Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Рамзан Кадыров (5)

Лараме Нохчийн Республикин бахархой!

Декъалдо шу Россин Денца!

ХIокху дийнахь, 12-чу июнехь, дуьйна ягаръян йолийна вайн Даймехкан керла истори, хIокху дийнахь тIеийцира Россин пачхьалкхан суверенитетан хьокъехь йолу Деклараци.

Ткъа шо сов хан дIаяьлла цул тIаьхьа. Оцу йоккха йоцчу хенахь вайн пачхьалкх шайн барамашца даккхийчу социально-экономикин, политикин зерех чекхъяьлла. Ма-дарра аьлча, пачхьалкх хир ю-яц бохург дара къасто хьалхахIоттийна. Амма вай цадезачарна моьттург ца хилира, Россина уггаре а хала, чолхе еанчу хенахь Iедале Путин Владимир веана хиларна. Цо мохк вовшах-м муххале а ца баккхийтира, мелхо а мохк цхьаьнатуьйхира, цуьнан ницкъ кхечира дуьненан юкъараллина хьалха мехкан сий-ларам кхин а лакхабаккха.

Iалашонна тIехьажийна цо дIаяьхьна политика бахьанехь Росси тешам боллуш дIаяхара демократически реформаш яран новкъа, бIаьрла кхиамаш бехира социальни, экономикин, политикин кхиарехь.

Россин Федерацих дIакъасталур доцу дакъа ду Нохчийн Республика, кхечу субъекташца цхьаьна цо дерриге а до Даймохк кхидIа а кхиорехь. Вайга,  весет дина, и некъ битина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Вай цу тIера дIа а девр дац.

Маьршачу, синтемечу республикехь дехаш ду вай, заводашкахь а, фабрикашкахь а къахьоьгуш ду, школашкахь а, вузашкахь а доьшуш ду, спортаца доьзна а ду. Даккхийчу зерех чекхдевллачул тIаьхьа, вай тешна хиларца хьоьжу дахаре, кханалерчу дийне. Вай цIенош, заводаш еш ду, берийн а, къанойн а гIайгIа беш ду. Цхьаъ хилла, Даймахкана гIуллакхдеш ду вай. Оцу цхьааллехь бу вайн ницкъ, оцу цхьааллехь ду вайн хиндерг.

Цхьаьна хилча вайн ницкъ кхочур бу Россих нуьцкъала, хьалдолу пачхьалкх ян. Цунах дозалла, дан йиш хир ю россихойн керл-керлачу тIаьхьенийн.

Лаьа шу маьрша, ирсе, зовкхе дехийла, шун ондда могашалла, дерриге а дикачу  гIуллакхашкахь кхиамаш хуьлийла.

№ 65, п1ераска, 12 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: