Масех де хьалха доккха дезде дара Грозненски кIоштарчу Баса-ГӀалахь. Цигахь схьадоьллуш дара Нохчийн ширачу архитектурин куц-кеп йолу, 500 стагана меттигаш йолу керла рузбанан маьждиг.

Цуьнан момсар 25 метр лекха ю, цул сов, ламаз оьцу чоь а йина, 6 тонна хиӀаӀоран яй а болуш.
Иза схьаделлар Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 70 шо кхачарна лерина ду. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, Грозненски кIоштан куьйгалхо Абазов Рустам, Ӏеламнах, юкъараллин гӀуллакххой, юьртара бахархой.
Межиев Салахь-Хьаьжас доIа а дина, схьадиллира маьждиг. Гулбеллачара, ламаст а хилла дӀахӀоьттина ма-хиллара, Делан хӀусамехь мовлад дийшира. Цул тIаьхьа, Межиев Салахь-Хьаьжа хьалха а волуш, керлачу маьждигехь рузбанан ламаз дира.
Цу тайппана хаза совгӀат шайна дарх баккхийбийна а ца бовлуш, даггара Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна баркалла элира керла маьждиг дарехь гIо-накъосталла дарна, иштта, шайн доIехь Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а, цуьнан Куьйгалхо а вийхира цара.
Билгалдаккха догIу маьждиг Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Юкъараллин фондан чоьтах дина.
Дагадаийта лаьа карарчу шарахь Нохчийчохь кхин а 33 маьждиг схьадиллина хилар. Нохчийн Республикехь хIинца 1 296 маьждиг ду, иштта, болх беш хьафизийн 7 хьуьжар а ю.
А.КАНТАЕВ
№62, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де