Пачхьенера урамаш тодеш ду

«Кхерамза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь тодеш ду вайн республикера некъаш. И некъаш школашна а, берийн бошмашна а, ишшта, социальни кхийолчу объекташна а тӀедоьлхуш ду.

Оцу некъашкахь, силаман чкъор хийцина ца Ӏаш, некъан билгалонаш а, светофораш а хӀиттор ю, иштта, гӀашлойн некъаш а дохкур ду.

Соьлжа-ГӀалин мэрин пресс-службо бинчу хаамца, пачхьенерчу БойсгӀаран кӀоштан Левандовскийн а (юкъара йохалла 2,25 километр ю), иштта, Нурадиловн а (юкъара йохалла – 1,107 километр) цӀарахчу шина урамехь дӀахьош бу некъ тобаран белхаш.

Бечу белхашка хьаьвсира Соьлжа-ГӀалин мэрин а, Автомобилийн некъийн министерствон а, Ерригроссин халкъан фронтан а, иштта, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалш.

Юкъараллин тергамхоша теллира тобечу некъийн хьал. Цара билгалдаьккхира шайна тӀедехкинчу декхаршца белхалой дика ларош хилар.

Левандовскийн цӀарах болчу урамехь 4,800 квадратан метр керла силаман чкъор диллина. Цул сов, урамехь пурхала билгалонаш а йийр ю, машенаш чехка ца хехкийта. Юкъарчу суьртаца догIуш долу гӀашлойн некъаш а дохкур ду. Урамах дехьа-сехьаволийла а йийр ю. Цул тӀаьхьа, некъан 116 билгало а хӀоттош, берзор бу некъ тобаран белхаш.

Нурадиловн цӀарахчу урамехь 88 некъан билгало хӀоттор ю, силаман керла чкъор (6642 квадратан метр) диллина даьлча.

Шина урамехь тайп-тайпанна социальни объекташ а, иштта, дӀасалелаш юкъараллин транспорт а ю. И бахьана долуш, дуккха а машенаш хуьлу кхузахь. Цундела, оцу объекташна тӀекхачарна бегӀийлаш хила еза.

Карарчу шарахь «Кхерамза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь Соьлжа-ГӀалахь тодечу некъашна кхин 15 некъ тӀекхетта. Тоян езаш ю кхин а 15 юкъараллин меттиг. Оцу майданийн дукхахйолу дизайн-проекташ шаьш бахархоша къастийна, кхаж а тосуш.

А.МУСЛИМОВ
№62, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: