Iилманан а, технологин а шарахь А-Хь.Кадыровн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан университетан климатан а, экологин а бутт карбонан «Way Carbon» полигонехь белхаш барца дIаболийна.

Университетан пресс-службехь бечу хаамца, полигонан талламийн 8 куьпахь автономни агрометеорологин «INFOMETEOS» 16 станци хIоттор ю.
И тайпа станцеш хиларо, тIейогIучу хенахь, Iилманчаша дIахьочу талламашна тIехь аьтто бийр бу хIаваан а, хин а температура даима а тидамехь латто.
Цул сов, мох хьакхар муьлхачу агIор хуьлу а, атмосферин таIам буста а, хIаваан тIуналла талла а, тайп-тайпанчу кIоргачу меттигашкахь лаьттахь тIуналла мел гойту а, маьлхан радиаци мел хуьлу хаа а.
Кхин цкъа а карладаккха лаьа, Нохчийн Республика Россин дешаран а, Iилманан а министерствон вайн пачхьалкхехь карбонан полигонаш кхолларан Iалашонца кхочушъечу стратегин программин дакъалацархойх цхьаъ хилар.
А-Хь.Кадыровн цIарахлера Нохчийн пачхьалкхан университет лаккхара эвсаралла йолу соьналла кхиочу талламан карбонан полигонан оператор ю.
Цул сов, Россехь а дуьххьарлера полигон ю лаьмнашца а, цунна гуонаха а йолчу аренашкахь секвестрацин технологех пайда а оьцуш даьхникхиоран гIуллакх талларехь.
ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап
№62, хьаьттан (август) беттан 18-гIа де