Казань гIалахь (ГIезалойчоь) дIаяьхьира тхэквандохула Европин турнир. Цигахь дакъалоцуш бара Европин пачхьалкхашкара а, Россера а спортсменаш. Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.

Турниран толамхой хилира: Лечиев Iабдурахьман (58 кг), Бисаев Iадлан (70 кг), Хажмурадов Iаьрби (76 кг), Цагиков Бекхан (74 кг), Атагаев Хьусайн (64 кг), Цуев Iимран (82 кг).
Толамхоша доккха баркалла боху, оцу лаккхарчу кхиамашка шаьш кхачийначу шайн тренерна.
Кестта хинйолчу Россин чемпионатехь дакъалаца кечамаш беш бу вайн спортсменаш.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№64, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де