Россин Президента Путин Владимира куьг яздина Соьлжа-ГIаларчу дуьненаюкъарчу аэропортана Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе тилларан хьокъехь долчу Указана. Цуьнца доьзна даздарш дIадаьхьира вайн аэропортехь.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Даздарш дIа а долош, Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада дIадийшира, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 70 шо кхачарца доьзна, Россин Президента Путин Владимира арахецна Указ.
Цу тIехь (Указехь) билгалдоккхуш ду: «Соьлжа-ГIала, «Къилбаседа» дуьненаюкъарчу аэропортана Россин Федерацин Турпалхочун Кадыров Iабдулхьамидан Ахьмадан цIе тилла».
Кхузахь вовшахкхеттачарна хьалха къамел деш, Р.Кадыровс билгалдаьккхира республикин хIаваан коьртачу портана Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан цIе тиллар нохчийн халкъан кхолламехь историн маьIна долуш хилам хилар.
«Уггаре а хьалха иза Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин аэропортан цIе хийцаран хьокъехь хаттам бинчу республикин берриге а бохург санна бахархоша гIо лаьцна долу дIадолор федеральни центро къобалдар ду. Вайна йоккха сийлалла ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 70 шо кхочучу деношкахь хьокъала доллучу Указана куьг яздар. Вай, дан тарлуш дерг дерриге а дийр ду хIара аэропорт тоьллачех цхьа хIавван-транспортан зIе хилийтархьама. Оцу декъехь болх хIинцале а лаккхарчу жигараллица дIахьош бу», – элира цо.
Республикин Куьйгалхочо баркалла элира аэропортана Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе тилларан дIадолор юкъадаьккхинчарна а, ткъа иштта, хьокъала доллучу Указана куьг яздинчу Россин Президентана Путин Владимирна а.
«Ас даггара баркалла боху Путин Владимирна Даймехкан сийлахьчу кIентан, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе Соьлжа-ГIаларчу аэропортана тилларан хьокъехь долчу дIадолоран гIолацарна. Иштта, суна баркалла ала лаьа Нохчийчоьнан Юкъараллин палатин председательна Денильханов ИсмаьIална, кхаж тасарехь дакъа мел лаьцначарна, шайн хьежам мел бовзийтинчарна», – тIетуьйхира Р.Кадыровс.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу аэропортехь герггарчу шерашкахь реконструкцин а, модернизацин а вуно баккхий белхаш дIахьур бу.
Аэропортана реконструкци яран проект юкъаяхийтина Россин «Транспортан система кхиор» пачхьалкхан программина. Цунна 14,15 миллиард соьман барамехь финансировани йийр ю.
Модернизацин а, магистралан инфраструктура шоръяран а 2024-чу шаре кхаччалц йолу комплексан план чIагIйина.
Оцу гIуллакхна федеральни бюджетера 4,6 миллиард сом ду билгалдийр долуш.
Д.ПАШАЕВ
№64, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де