Путин Владимиран а, Кадыров Рамзанан а телефонехула къамел хилира

Оршот дийнахь, 2021-чу шеран хьаьттан (август) беттан 21-чу дийнахь, телефонехула къамел хилира Россин Президентан Путин Владимиран а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а.

«Владимир Владимировича билгалдаьккхира ша вайца цхьаьна шен доттагI Ахьмад-Хьаьжа дагалоцуш хилар. Цо маршаллин дешнаш дIаала элира нохчийн халкъе, баркалла элира вайн хьалхарчу Президентан некъ дIабахьарна. Владимир Владимировича билгалдаьккхира ша республикин бахархойн боккха сий-ларам беш хилар. Регионерчу хIора доьзалехь машар, синтем, беркат, токхо хуьлийла шена лууш хилар хаийтира цо», – яздина Кадыров Рамзана Телеграмехь йолчу шен агIонехь.

В.Путина дагадаийтира Нохчийн Республикина а, берриге а махкана а уггаре а хала даьхкинчу деношкахь нохчийн халкъан Ахьмад-Хьаьжин гIолаца, терроризмах а, экстремизмах а маьрша хиларехьа, Россин цхьаалла хиларехьа боьду беккъа цхьаъ бен боцу нийса некъ харжа ницкъ, доьналла, хьекъал хилла хилар.

«Владимир Владимировича билгалдаьккхира Ахьмад-Хьаьжа доьналла долуш стаг хилла хилар. Цуьнан ницкъ кхечира халкъ цхьаьнатоха, цIий Iено тIом сацо. Бахархошна таро елира цо шайн хиндерг шайга харжийта. Ас баркалла боху Владимир Владимировична ир-карахIоттош цIеначу даггара дешнаш аларна! Шеко йоццуш, нохчийн махкахь машар бу. Республика иштта зазадоккхуш хилар доьзна ду Россин Президентан Путин Владимиран цIарца. Вай оцу дерригене а кхаьчна цо тидам бар, дакъалацар, гIолацар, ткъа иштта, шен хенахь, Владимир Владимировича сан хьомсарчу ден Кадыров Ахьмад-Хьаьжин гIолацар бахьана долуш», – яздина регионан Куьйгалхочо.

С.АЛЬВИЕВ
№64, хьаьттан (август) беттан 25-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: