Иракан Iедалан эскарша хIокху деношкахь «Иблисан пачхьалкх» гIеранех паргIатъяьккхина Байджи гIала. Цигара лаьхкина зуламхой Иракан къилба-малхбалехьа дIагIоьртина.
***
Мисарехь, ша-шен оьккхуьйтуш, зулам дина вевзаш воцчу террориста. Оцу бохамехь кхин цхьа а ца кхелхина. Мехкан полицин белхахошна гучуваьлла теракт ян гIерташ волу кхин а кхо стаг. Царах цхьаъ вийна, цхьанна чов йина, (иза схьалаьцна), цхьаъ къайлаваьлла.
***
«Иблисан пачхьалкхан» агIо лоцуш Иракехь а, Шемахь а тIемаш беш бу 15 пачхьалкхера сов кегийрхой. Царна юкъахь бу Iамаркан, Францин, Германин, Ингалсан, Хонкаран, кхечу пачхьалкхийн гражданаш.
***
Къилба Корейхь тIеттIа яьржаш ю MERS вирус. Цигара тIаьххьара кхаьчначу хаамашца оцу цамгарх кхелхинчеран барам иссанга кхаьчна, цамгарца бала хьоьгуш бIе сов стаг ву, эзар гергга стаг иза хиларан шеконца лоьраша шайн тергонехь латтош ву.
***
Польшин Парламентан спикер а, правительствера кхо министр а отставке вахана шайн къамелашка къайлаха ладугIуш хилар гучу а даьлла, и бахьанехь дов а даьккхина.
***
НАТО-н эскарша тIаьхьарчу хенахь тIех жигарадаьккхина тIеман Iамораш дIадахьар. Беккъа цхьана июнь баттахь Малхбален Европехь доьазза дIадаьхьна уьш. 17-чу июнехь рогIера Iамораш Румынехь дIадахьа лерина ду.
***
Туннисан тIеман-хIордан ницкъаша кху деношкахь хи буха воьдучуьра кIелхьара ваьккхина виъ бIе гергга иммигрант.
***
Россин а, Мисаран а тIеман-хIордан ницкъийн дуьненаюккъерчу хIорда тIехь дIахьош долчу Iаморийн коьрта дакъа чекхдаьлла, уьш дерзош ду кху деношкахь.
***
Украинин Iедалан эскарша стомара 50-зза гергга даккхий герзаш диттира Донецкан а, Луганскан а республикийн гIаланашна. И бахьанехь маьрша цхьа стаг вийна, ворхI стагана чевнаш хилла.
***
Россин Президент В.Путин белхан визитца Италехь хилира. Иза цхьаьнакхийтира оцу мехкан премьер-министраца Маттео Ренцица. Цара дийцира санкцеша шина а пачхьалкхана (къаьсттина Италина) дечу зенах лаьцна.
***
Россин Правительствон Председатела Д.Медведевс регионийн куьйгалхошца дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дира демографин хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
ХIокху деношкахь цIерш яьхна Россин 2014-чу шеран пачхьалкхан премин лауреатийн.
***
Селхана дуьйна мехкан ерриге а гIаланашкахь а, шахьаршкахь а даздеш ду Россин де.
№ 65, п1ераска, 12 июнь, 2015 шо