«Сидратан IиндагIехь»

Россин Федерацин Яздархойн союзан декъашхочун, фолологин Iилманийн кандидатан, Нохчийн пачхьалкхан университетан доцентан, Ерригроссин халкъийн литературин «Шеран яздархо» а, «ТIаьхьало» а совгIатийн номинантан, яздархочун Нашхоева Мареман «Сидратан IиндагIехь» книга йовзийтар дIадаьхьира А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Умаров Джамбулат, Парламентан депутат Нагаев Iаднан, Нохчийн пачхьалкхан университетан доцент, физикин-математикин Iилманийн кандидат Кутуев Руслан, Нохчийн а, ГIалгIайн а республикийн халкъан артист Димаев Iела.

– «Сидратан IиндагIехь» повесть язъярца Нохчийчохь хиллачу тIемех лаьцна керла агIо гайтина Марема. ХХI-гIа бIешо долалуш а, цул тIаьхьа а дуьнен чу бевллачарна Нохчийчохь тIеман ши кампани хиллийла а хаьа, халкъ а, мохк а экономикин а, социальни а агIор хIаллакбинийла а хаьа. Истори ю иза вайн. Хаа езаш а ю. Амма оцу тIеман кхин а цхьа агIо ю. Иза, цу хенахь тIом лайначу нехан дог-ойланаш ю. Суна иза коьрта а хета. Мареман ницкъ кхаьчна и агIо гайта а, ешархочунна йовзийта а. Книгин турпалхой могIарера адамаш ду. ТIеман чаккхе ца гуш. Кеманаша бомбанаш массозза туху, юххера бевза-безарш леш, уьш дIабухкуш, цаьрца цхьаьна шайн сирла сатийсамаш дIабухкуш, доьналлех, йохьах, собарх ца бухуш, чекхбовлучарах лаьцна ю повесть. Цул сов, адамаллех ца бухуш, «со бусалба, хьо керста» а ца бохуш, вовшашна гIо-накъосталла а деш, диканех дог ца дуьллучу нахах лаьцна а ю книга. Ишттачу повесто тIеман къахьалла йовзуьйтур ю ешархочунна, хуур ду шен халкъ муьлхачу халонех чекхдаьлла. Цундела кегийрхошка еша а бохуш, ешийта еза хIокху тайпа повесташ, – элира Умаров Джамбулата.

Дуьненах, шен ирсах догдиллинчунна дахаре сирла сатийсам луш а хета и книга, хIунда аьлча, оццул яккхий халонаш, кхерамаш тIехIиттарх, дахарх, машарх догдиллина бац Мареман повестан турпалхой.

Баккъал а, хилларг, шена гинарг, наха дийцинарг ду яздархочо шен повестан турпалхошкахь вайна дозуьйтург. Кхузахь вовшахкхеттачеран иэсехь карлаелира и хан.

Тахана маьршачу Даймахкахь дехаш хиларх, кегийрхошна шайн истори а, хIокху машаран беза мах а бовзийта безаш хилар билгалдаьккхира Нагаев Iаднана а, кхечара а.

Автора даггара баркалла элира шен книга йовза баьхкинчарна, ешархошна.

– «Сидратан IиндагIехь» книга уггаре а хьалха кегийрхошна лерина ас. Повесть хилла ца Iаш, тIекхуьучу чкъуре шатайпа кхайкхам а хета суна иза. Шайн истори а евзаш, таханлерчу маьршачу дахаран пусар а деш, шайл тIаьхьа богIуболчарна сирла кхане йита еза цара. Олуш ду-кх: «Вуон деанехь – иза чаккхе яц, чаккхе – ирсе хуьлу». Иштта ду дахар. Вайн дахар а, чаккхе а ирсе хила еза, – элира Нашхоева Марема.

Хаийта лаьа, товбецан (сентябрь) беттан 25-чу дийнахь культурин-серлонан «ДIаеша Кавказ» фондан гIоьнца Москван къаьмнийн цIийнехь а дIахьур ду «Сидратан IиндагIехь» книга йовзийтар.

ДУТУЕВА Макка
№65, хьаьттан (август) беттан 28-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: