Кхин а 13 эзар белхан меттиг хир ю

Вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Правительствос а шен хаддазчу тергонехь латточу а, цуьнан сагатдечу гIуллакхех цхьаъ а ду белхазалла лахъярца доьзна дерг. Оцу декъехь денна беш болх бу.

Хууш ма-хиллара, коронавирусан ун даржарца доьзна Нохчийчохь хаъал лакхабаьллера белхазаллин барам.

Иза лахбаран декъехь деш долчу хьекъалечу гIуллакхаша хIинцале а дика жамIаш делла. Белхан керла меттигаш ю, денна бохург санна, вайн пачхьенехь а, гIаланашкахь а, кIошташкахь а кхуллуш.

Мохк а, экономика а кхиоран, махлелоран министра Сатуев Бехкана дийцарехь, билгалдеш ду герггарчу хенахь Нохчийчохь кхин а 13 эзар белхан керла меттиг кхоллар.

«Карарчу хенахь кхочушъеш ю 624 инвестицийн проект. Церан юкъара мах 126,47 миллиард сом бу. Билгалдеш ду 13 286 белхан керла меттиг кхоллар», – элира министра.

Оцу проектан уггаре а яккхийчарах ю, Б.Сатуевс дийцарехь, дуккха а хьашташ кхочушдеш йолу «Ахмат Тавер» комплекс, махлелоран – дуккха а хьашташ кхочушдаран «Минутка» комплекс, Соьлжа-ГIалин дуьненаюкъара университет, инновацин гIишлошъяран «Казбек» технопарк, кхиерш.

ХIинцале а кхочушйина яьллачу яккхийчу проектех цхьаъ ю махлелоран-самукъадаккхаран «Грозный Молл» туш. Иза схьайиллира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 70 шо кхочучу деношкахь.

Даздаран хьолехь иза схьайоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а.

И туш схьаелларх боккха кхаъ хилла соьлжагIалахошна санна, Нохчийчоьнан берриге а бахархошна а. Цу чохь масех бIе стагана болх бан керла меттигаш хилла хIинцале а.

«Грозный Молл» туьшана Россин рекордийн книгин сертификат делла. Дуьненахь уггаре а боккха, 18 450 кв. метр архитектурин седа барна а, ткъа иштта, бархI са болчу седанан суьртехь тхов барна а.

Махлелоран-самукъадаккхаран туьшана «А» классехь «Махлелоран туьшан тоьлла проект номинацехь хьалхара меттиг елла, иштта «Arendator Awards – 2020» федеральни совгIат (преми) делла.

Белхазалла лахъярехь хIокху шарахь яьккхина уггаре а мехала гIулч ю иза. Оцу декъехь белхаш бар хIора дийнахь дIахьош ду республикин куьйгаллин тIедилларца а, семачу тергонца а.

Цундела, вайн цхьана а кепара шеко яц, герггарчу хенахь, Нохчийчуьрчу кхин 13 эзар стагана болх бан керла меттигаш хирг хиларх.

Хь.САИДОВ
№65, хьаьттан (август) беттан 28-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: