Нохчийчоь Харжамийн кампани дIаяхьарна кечам беш ю

Соьлжа-ГIалахь Къилбаседа Кавказан федеральни округехь Россин Президентан векалан заместитель Куренный Александр коьртехь волуш Кхеташо дIаяьхьира.

Кхеташонехь дакъалоцуш вара республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, Россин МЧС-н республикехула йолчу коьртачу урхаллин хьаькаман заместитель Амаев Джамбулат, Росгвардин Урхаллин регионерчу долахь йолчу составаца болх барехула йолчу отделенин хьаькаман гIоьнча Исламов Вахарсолта, бакъонашларъяран органийн а, ведомствийн а векалш.

Дакъалацархоша дийцаре дира хIокху шеран товбецан (сентябрь) беттан 17–19-чуй деношкахь Цхьааллин кхажтасаран де дIадахьарца доьзна, бакъонашларъяран органийн белхахоша дакъалоцуш, дIадахьа лерина вовшахтохаран-техникин гIуллакхаш.

«Росгвардин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин белхахой кийча бу кхажтасаран каппашкахь йолчу чоьнашка хьовса. Цара толлур ду кхерамазаллин техникин гIирсаш, регионехь Цхьааллин кхажтасаран денна кечамбарна а, и де дIадахьарна а юкъараллин низам а, юкъараллин кхерамазалла а лардар. Меттигехь урхалла даран органашца болх цхьаьна дIабахьар нисдина», – элира В.Исламовс.

Ерригроссехь дIадахьа леринчу Цхьааллин кхажтасаран дийнахь кхерамазалла ларъярхьама ведомствоша вовшашца латто еза зIенаш, дерриге а гIуллакхаш довзийтира кхеташонехь.

№66, товбецан (сентябрь) беттан 1-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: