Нохчийн Республикин Пачхьалкхан гимн

Дешнаш – Х-А.Кадыровн

Мукъам – I.Бексултановн

 

Харцоно цIе тесна, хийла хьо ягарх,

Нохчийчоь ца йоьжна – гIаьттина яха.

Кавказан ткъес хилла – маршонан ага,

Хьан лаьттан сий дина яхь йолчу наха.

                         

Барт болу хьан къаьмнаш – мах боцу беркат! –

Хьо йоцург Нана яц, нохчийн халкъ хьаста.

Тхан дахар, тхан дерзар Даймехкан кхерчахь.

Декъалдар доьхуш ду, Далла беш хастам.

 

Башламан баххьашка дайн синош дуьссу,

Органан тулгIено ненан мотт буьйцу.

Исбаьхьа совгIат хьо, азаллехь делла –

Шатлакхан илли ду тхуна ницкъ белларг!

 

Къинхьегам, хьан хьуьнарш хазделла шайна,

Халкъаца лерам бар кхаъ хуьлда хьуна.

Машаран гIаролехь ирсан некъ тайна,

Сий долуш Нохчийчоь ехийла тхуна!

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: