Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим цхьаьнакхийтира Россин ФНС-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин куьйгалхочуьнца Осмаев Муслимаца.

Цара дийцаре дира республикин бюджет алсамъяккхарехь деш долу гIуллакхаш кхочушдар а, ял яккхаран органийн болх а.
Цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхина ма-хиллара, республикехь жигара дIахьош бу инвестицеш а, туристаш а тIеозорехь беш болу болх.
Экономикин башха майданаш, агропаркаш, иштта, МПС-н субъекташна гIо даран институташ ю кхуллуш. Оцу декъехь хьакъ доллу болх бар бахьана долуш Нохчийн Республикин бюджет тIеюзуш ю.
2021-чу шеран хьаьттан (август) беттан 1-чу дийнаца долчу хьолаца республикин бюджетан налогийн а, налогаш йоцчу ахчанийн а пайда 11,93 млрд. сом бу, ткъа хила еза план – 10,57 млрд. сом. Оцу терахьаша гойту республикин бюджет тIеюзаран план 12,9 процентана совъяьккхина хилар.
М.Хучиевс, боларш кхин лах ца долуьйтуш, болх дIабахьаре кхайкхира.
ТIейогIучу хенахь а Нохчийн Республикин бюджет алсамъяккхарехь оьшуш долу дерриге а гIуллакхаш дар тIе а диллира цо.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а сайта тIерачу хаамех пайда а оьцуш, зорбане кечйинарг – Л.ДАУТОВА
№66, товбецан (сентябрь) беттан 1-ра де