«Ведучи» курортехь туристашна садаIарна керла аьттонаш бина

«Ведучи» курорто когсалазаш (лыжаш) а, сноубордаш а хахка дийнна шарахь хьеший тIеоьцу. Баккхийчарна а, берашна а курортан йистошца хахкавала прокатана луш вилспеташ, самокаташ ю. Иштта, кхузахь электроскутерш тIехь ломан чожехула хахкавала йиш ю.

ЧӀаьнта-Юьртахь йолчу тIеман бIаьвнех а, Эткхаьлла гIалах а, маьждигах а лаьцна дуьйцуш, уьш гойтуш гид ву.

Цо суьрташ дахарна а, садаIарна а бегIийла меттигаш гойтур ю.

Фрирайдехула Россин дукхазза а чемпиона Узденов Идриса дийцарехь, «Ведучи» курортан басеш говзачу райдершна хилла ца Iаш, оцу декъехь хьалхара гIулчаш йохурш а тIеозор болуш ю.

«Трасси тIехь хахкаваларан техника кхечанхьа йолчух тера елахь а, шех дIаволавезаш башхаллаш йолуш ю. Жимма кхечу кепара йозалла нисъян еза, чухьаьвзийлашкахь дайн болар хила деза. Европин дуккха а меттигашкахь хилла со, майрра ала йиш ю, кхузара Iалам цигахь долчул оьшуш цахилар, адамаш кхачаза кхузара акха меттигаш тоьлуш ю», – билгалдаьккхира И.Узденовс.

«Ведучи» курортехь муьшан некъа тIехь хахкавала йиш ю, йоккхачу тобанна аренде эца гриль-цIенош ду.

Исбаьхьачу Iаламах бIаьргтухуш джип-тур ян, суьрташ даха кечйина меттигаш, гаьнгали, таьхь (трон), къилбаседанехь йолу чухчари йолчу ваха.

Оцу ерриге а меттигашкахула лелла гIелвелла схьавеача, «Эдельвейс» хьешацIийнехь йолчу ресторанехь а, бассейнехь а садаьIча, «ЧеченSki» туьшахь фильме хьаьжча гIелвалар дIадер ду.

Совдегара Юсупов Мухьаммада билгалдаьккхира: «Ведучи» курорт берриг муьрийн когсалазаш хахкаран курорт хилла ца Iа. БIаьста, аьхка, Iай хьешийн аьтто бу гIаш, говрахь, велспеташца ломан басийн исбаьхьачу меттигашка баха, Нохчийн Республикин дика цIе яккхийтинчу историн, культурин, Iаламан исбаьхьалла ган. Iаламо когсалазаш хахкарна кхоьллина йолу басеш – Iай Хьачарахь садаIаран таронаш ю. Курорте богIучу туристийн барам алсамболуш бу. ХIинца хIара кхиъна яьлла туристийн туш ю. Хьачарахь хилла туристаш исбаьхьа дагалецамаш эцна гIур бу».

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-служба
№66, товбецан (сентябрь) беттан 1-ра де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: