Кегийрхойн туризман дуьненаюкъара «Кезеной–2021» ӀӀ-гӀа форум карарчу беттан 25–27-чуй деношкахь дӀахьур ю.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 70 шо кхачарна лерина хир ю иза.
Цуьнан гурашкахь квесташ а, экскурсеш а, гайтамаш а, тайп-тайпана конкурсаш а, туризман декъерчу говзанчашца цхьаьнакхетарш а хир ду.
Цул сов, дешаран программа хирг хилар а хоуьйту вовшахтохархоша: #ТрекПрофТуризм, #ТрекВолонтерыТуризма, #ТрекТуризмДляВсех, и.д.кх.а.
Дакъалаца луучара, «Россин кегийрхой» («Молодежь России») системи чохь дӀа а язбелла, форумехь дакъалацаран хьокъехь дехар дан деза.
№67, товбецан (сентябрь) беттан 4-гӀа де