Школашкахь нохчийн мотт а, литература а хьехарна кхитӀе а сахьташ билгалдаьхна

Школашкахь дешархошна нохчийн мотт а, литература а хьехарна кхин а цхьацца сахьт тӀетоьхна. Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министран хьехамчас М.Усмановс.

ЦУР-н хьаькаман заместительца Н.Бисултановца цо дӀаяьхьначу дуьххьалдӀа йолчу эфире кхаьчначу хаттарна делла жоп дара иза.

«Нохчийн маттана, республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тӀедилларца а догӀуш, къаьсттина терго йо оха. Дукха хан йоццуш кхоьллина Нохчийн меттан институт а ю боккха болх беш», – билгалдаьккхина министран хьехамчас.

№67, товбецан (сентябрь) беттан 4-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: