Некъан боламан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцис карарчу шеран 8 баттахь бинчу белхан жамӀаш а деш, леррина кхеташо дӀаяьхьна НР-н вице-премьера Висмурадов Абузайда.

Цигахь билгалдаьлла некъашкахь бохамаш хилар а, оцу бохамашкахь адамаш кхалхар а, уьш лазор а лахделла хилар.
Делахь а, автоинспекторш шайн балха тӀехь сема хилар дӀадоккхуш я лахдеш хьал дац иза – кхиазхоша а, бакъонаш йоцчара а машенаш хехкар дехкарна тӀе къаьсттина тидам бохуьйтур бу цара.
И болх республикин мел йолчу муниципалитеташкахь бар тӀедожийна автоинспекторшна.
Цул сов, церан белхан коьртачу декхарех цхьаъ ду водительшца а, пассажирашца а, гӀашлошца а кхеторан болх дӀабахьар.
№67, товбецан (сентябрь) беттан 4-гӀа де