Спортан объекташ ярна — леррина тидам

Нохчийн Республикин Правительствон Председатела М.Хучиевс Физически культурин, спортан, кегийрхойн политикин министраца Т-Ӏ.Ибрагимовца бийцаре бина Соьлжа-ГӀалахь футболан манеж яран болх.

Республикина башха йолу и объект федеральни «Спорт – норма жизни» проектан гурашкахь еш ю.

«Ахмат-Арена» спорткомплексана герга йолу иза, 2 гӀат а, хьовсархошна лерина 300 меттиг а, 10 эзар м² майда дӀалоцуш а ю.

Иштта, лакхахь хьахийначу проектан гурашкахь республикехь еш кхин 2 физкультурин а, спортан а комплекс а ю, шайх цхьаъ заьӀапчу бахархошна лерина а йолуш.

Цу тӀе, тӀедогӀучу шарахь Курчалойхь а ян йолор ю физкультурин а, спортан а комплекс.

№67, товбецан (сентябрь) беттан 4-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: