Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Правительствон декъашхошца дийцаре дира дешаран учрежденеш дешаран керлачу шарна кийча хиларан а, ткъа иштта, товбецан (сентябрь) баттахь дIабахьа леринчу дуккха а тIегIанийн харжамашна кечамбаран а хьокъехь долу гIуллакхаш.
«Товбецан баттахь цхьамогIа мехала хиламаш бу вайн хила безаш. Царна юкъахь уггаре а мехала бу дуккха а тIегIанашкахь харжамаш баран а, дешаран керла шо дIадолоран а хиламаш. Дешаран шеран дохаллехь вай оьшуш долу дерриге а хьелаш кхолла деза дешаран гIуллакхехь дакъалоцуш болчарна массарна а. Цуьнца цхьаьна кийча хила деза харжамаш дIабахьарна а. Вай долчохь ламасте дирзина тIаьхьарчу шерашкахь харжамашка дуккха а адамаш дахкар. Царна парггIат кхаж таса аьтто бан беза вай», – элира цо.
Харжамашна кечам барх лаьцна доклад йира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГIаласа.
Цо дийцарехь, кхаа дийнахь – товбецан 17-чуй, 18-чуй, 19-чуй деношкахь – регионан бахархойн Россин Пачхьалкхан Думе депутаташ, Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ, муниципальни вовшахкхетараллийн векалаллин органашка депутаташ харжа безар бу.
Нохчийн Республикин Харжамийн комиссин председатела Байханов Iумара кхеташонехь аьлла ма-хиллара, хинболчу харжамашца доьзна долу вовшахтохараллин дерриге а гIуллакхаш дина девлла.
«… Вайн республикехь 754 эзар сов харжамхо ву мангалан (июль) беттан 1-чу дийнахьлерчу хаамашца. Кхаж тасарна юкъаозор ю 20 территориальни а, 495 каппийн а харжамийн комисси. Дукхахйолчу харжамийн каппашкахь онлайн-видеотергонан системаш хир ю. Харжамаш дIабахьарна кечамбарехь дакъалоцуш ву харжамийн комиссийн 4 эзар сов декъашхо. Эпидемиологин хьал дика цахиларца доьзна харжамаш дIабахьарехь юьззина кхачойийр ю санитарни-профилактикин магораш кхочушдарна а, бехкамаш ларбарна а», – элира I.Байхановс.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира Нохчийчохь харжамаш даздаран хьолехь дIабахьар ламасте дирзина хилар.
«Адамаш хаза а хеташ догIу харжамийн каппашка. Цара, баккхий а беш, кхочушдо шайн граждански декхар. Цуьнца доьзна жоьпаллин нах лаккхарчу жоьпаллица тIебаха беза харжамаш вовшахтохаран гIуллакхна. Цу тIе харжамаш дIабахьа беза законца нийса а догIуш, шайн лаам бовзийта йолу гражданийн бакъонаш а, маршонаш а лар а еш. Ас республикин бахархошка кхайкхам бо, кхул хьалхарчу шерашкахь а санна, хинболчу харжамашкахь жигара дакъалацар доьхуш. Вайн халкъан хиндерг аш бинчу харжамах доьзна хир ду. Со тешна ву иза нийса хирг хиларх», – элира цо.
Иштта, республикин Куьйгалхочунна хаа лиира регионан дешаран учрежденеш дешаран керлачу шарна кийча хилар муха ду.
ГI.Таймасхановс шен докладехь билгалдаьккхира таханлерчу денна Нохчийчохь 496 школа хилар, цигахь доьшуш 298 эзар бер хилар.
«Карарчу шарахь болх бан йолалур ю юкъарадешаран керла 21 учреждени, дешаран 3 корпус, 16 эзар 92 дешархочунна меттиг хир йолуш…», – чIагIдира ГI.Таймасханос.
Дешаран а, Iилманан а министра И.Байсултановс республикин Куьйгалхочунна Р.Кадыровна хаийтира, итт том йолуш, нийсаяздаран дошам арахецна хилар. Цу юкъахь 250 эзар дош ду.
Иштта, цо Р.Кадыровна совгIат дира «Нохчийн мотт Iалашбарна а, кхиорна а» орденца.
Кхеташонан чаккхенехь Р.Кадыровс тIедиллира Соьлжа-ГIалин де даздаран каде штаб вовшахтохар.
Штабана куьйгалла дар Нохчийчоьнан Правительствон Председателан заместительна, юьртан бахаман министрана Закриев ИбрахIимна тIе а дуьллуш.
Д.АНАДЕВ
№67, товбецан (сентябрь) беттан 4-гӀа де