Асаран (июнь) баттахь дIаяхьначу дуьххьалдIа йолчу эфирехь Россин Федерацин Президента Путин Владимира дIакхайкхийра пачхьалкхан «Пушкинан карта» культурин проект ша къобал еш хилар а, хIокху шарахь иза дIайоло езаш хилар а.

14 шарера 22 шаре кхаччалц хенаш йолчеран аьтто бу пачхьалкхан чоьтах культурин мероприятешка баха. 22 шо кхаьчначун а аьтто бу, 23 шо кхаччалц, оцу проектехь дакъалаца.
Товбецан (сентябрь) беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна болх бан йолаелла «Пушкинан карта» проект.
Цуьнца нийса а догIуш, «Почта России» банкан карта я «Госуслугаш» чухула онлайн карта даккха деза. Товбецан баттера гIуран (декабрь) батте кхаччалц йолчу ханна 3 эзар сом доуьйтур ду пачхьалкхо оцу карти тIе. Музей, театре я концерте ваха аьтто беш луш ду и ахча. Ткъа 2022-чу шарахь 5 эзар сом лур ду дийнна шарна.
Проектан коьрта Iалашо ю, кегийрхой культурин учрежденешка марзбар а, царна цига баха ахчанца гIо дар а. Вуьшта аьлча, культура кхиор а, йовзийтар ю цуьнан Iалашо.
Россин массо а регионан пачхьалкхан культурин учрежденеша дакъалоцур ду оцу проектехь. ХIинцале а 85 регионан 1 354 культурин учреждени юкъаяхана оцу проектана.
ХIокху шеран товбецан баттахь дуьйна культурин учрежденешна 17 миллион хьажархо тIекхетар ву. Пачхьалкхо цунна хьажийна ахча, цкъачунна, 39 миллиард сом ду.
Ерригроссин «Пушкинан карта» проектехь дакъалоцуш ю Нохчийн Республикин культурин учрежденеш а: 1) Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу «Сийлаллин Аллей» мемориалан комплекс, 2) А-Хь.Кадыровн цIарах йолу нохчийн пачхьалкхан галерей, 3) Нохчийн Республикин музей, 4) I.Шахбулатовн цIарах йолу нохчийн пачхьалкхан филармони, 5) Иллийн а, хелхарийн а пачхьалкхан «Нохчо» ансамбль, 6) Хелхарийн «Вайнах» пачхьалкхан ансамбль, 7) Х.Нурадиловн цIарах йолу нохчийн къоман музей, 8) М.Лермонтовн цIарах йолу оьрсийн драмин театр, 9) республикин Къоначу хьажархочун театр.
14 шарера 22 шо кхаччалц хан йолуш волчу Россин гражданинан бакъо ю муьлххачу а регионан культурин учрежденин мероприятехь оцу картица дакъалаца. Бакъду, шен Iалашонца бен лело мегаш дац и карта.
ХIора культурин учрежденин интернет сайта тIехь а, афишашкахь а хаам хир бу «Пушкинан карта» проектехь дIаяхьа лерина мероприятеш йовзуьйтуш. Билеташ а церан сайта тIехь, я оцу учрежденехь эца мегар ду.
Хаийта лаьа, 2021 шарахь «Пушкинан карти» тIе даьлла ахча хIокху шарахь пайдаэцна хила дезаш хилар.
ТIедогIучу шарахь иза довр ду. Цул сов, пайда а ца оьцуш, карти тIехь гулдан мегаш а дац и ахча. Оцу картанах пайда а оьцуш, билет эцна, амма (театре, музей, концерте) вахар нислуш дацахь, и мероприяти дIайолаялале хьалха, билет юха дIаделча, оцу учрежденис хьан ахча меттахIоттадо.
ТIейогIучу номерехь оха йовзуьйтур ю Нохчийн Республикин культурин учрежденеша «Пушкинан карта» проектаца дIахьон йолу программаш.
ДУТУЕВА Макка
№67, товбецан (сентябрь) беттан 4-гӀа де