Кху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан волонтерийн тобано Шеларчу заьIапчу берийн могашалла меттахIотторан реабилитационни туьшахь дIаяьхьира «Берийн самукъадаккхар» цIе йолу акци. Волонтерийн боламан жигархоша оьрсийн халкъан масийтта туьйранна тIехь постановкаш кечйинера.
– Тхо кху туьше хIинца шолгIа даьхкина ду. Тхо даккхийде берийн жимма а догхьаста, церан самукъадаккха тхайн аьтто хиларх. Тхуна доккха совгIат хиллера бераш тхайга хьоьжуш ду, царна тхо диц ца делла аьлла тхайна хезча. Хетарехь, берашна хазахеттачух тера дара оха кечйина программа, – элира Нохчийн пачхьалкхан университетан волонтерийн корпусан координатора Медов Iусмана.
Берийн самукъадалар гуш дара церан сирла яьххьашкахь гича. Церан аьтто хилира волонтераша кечдинчу туьйранашка хьаьвсина ца Iаш, цигахь сов дакъалаца а. Цхьаьнакхетар дерзоле хьалха, волонтерийн жигархоша берашна мерза даарш дийкъира.
З.САГАЕВА
№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо