Говзаллин дешаран учрежденийн студенташна лерина — Регионан РСО ишкол

Студентийн тобанийн профилан гӀуллакхаш кхиорна лерина ю и программа.

Регионан «Российские студенческие отряды» МООО-н отделенис, «РСО» МООО-н Коьртачу штабан гӀо-накъосталлица дӀахьош ю иза.

Кегийрхошкахь къинхьегаман а, кхоллараллин а нуьцкъалла кхиор ю ишколан коьрта Ӏалашо.

Цул сов, ишколо кхочушдан билгалдаьхна декхарш иштта ду:
— кегийрхошкахь къинхьегаман а, кхоллараллин а нуьцкъалла кхиор;
— студентийн тобанийн ламасташ Ӏaлашдар, уьш совдахар;
— кегийчу нахана дахарехь шайн меттиг карон гӀо дар, нахаца а, юкъараллица а тӀекере хила, хьалхеяккха, оьшучохь гӀо-накъосталла дан, дахаре болчу хьежамашкахь жоьпалле хила Ӏамор;
— юкъараллина а, кегийрхошна а юкъахь студентийн тобанийн лидерех дика дог-ойла кхоллар;
— студентийн тобанаш кхиорна пачхьалкхан а, юкъараллин а тидам тӀебахийтар.

Оцу программин гурашкахь говзаллин дешаран лакхарчу а, юкъарчу а дешаран учрежденешкахь Ерригроссин а, регионан а «Российские студенческие отряды» МООО-н къинхьегаман проекташ дӀаяхьа лерина ю 2021-чу шеран товбецан баттахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: