Россин МЧС-н министр кхалхарца кадам бина Кадыров Рамзана

«Тахана бохаме кхалхар хилла Россин къаьсттина халачу хьолийн министран Зиничев Евгенийн. Суна иза вевза 20 шо дара. Иза онда а, майра а стаг вара, вайн Даймехкан вуьззина патриот а волуш», — иштта яздина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Telegram чуьрчу шен каналехь.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхина Николайн Евгений турпалхо санна кхелхина хилар — кхечу стеган дахар кӀелхьардаккхарехь.

«Арктикин зона къаьсттина чолхечу хьолех ларъяран декъехь дӀахьочу ведомствошна юкъарчу Ӏаморашка хьоьжуш хилла Зиничев Евгений. Юххехь лаьтташ волу оператор, шарша а шершина, хи чу воьжча, бакъволу нах кӀелхьарбахархо а, дог-цӀена а, нахах саготта а стаг ша хиларе терра, Николайн Евгений, цунна гӀо дан, хи чу иккхина… Амма, тӀулгах кхетта», — хаийтина Кадыров Рамзана.

Кадамца дерзийна цо шен кост: «Турпалхочо бен ден доцу хӀума дара иза! Николайн Евгенийн доьзале а, гергарчаьрга а кадам бо ас».

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: